Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Фанетика , графика,орфографи. . Изложени. Талламан диктанПоиск на нашем сайте Фанетика , графика,орфографи. Изложени Изложени «Хьоза» Талла вахана ,беша юккъехула схьавог1уш вара со. Суна хьалха дедда доьдуш ж1аьла дара . Ц1еххьана шен болар лаг1дина ,теба дуьйлира иза,шена хьалха цхьа олхазар долуш санна.Бешан йохалла д1асахьаьжча,з1акаран уллеш можа а йолуш, коьрта т1ехь месала пелагаш а долуш, жима хьоза гира суна.Бена чуьра охьадоьжнера иза (мохо ч1ог1а лестадора бешара дитташ),меттах ца хьовш хиина 1ара иза,х1етта девлла дог1у т1емаш,г1ор доцуш, даржа а дина. Сан ж1аьла жим –жимма доьдуш гергадахара цунна, ц1еххьана уллорчу дитташ т1ера цунна хьалха охьадуьйжира, некха т1ера пелагаш 1аьржа а долуш долухьоза-бага г1аттийна цергаш гуш 1ечу ж1аьлина,хьалха дусаделла буьрса хьерадаьлча санна ,цкъа , шозза д1ай-схьай иккхира иза. Шен к1орнина хьалха иккхина иза к1елхьараяккхаг1ертара иза. Амма цуьнан жима дег1 кхерамах хебнера дог детталора, аз а лаг1деллера,дала дан хьийзара хьоза,шен дег1 а,са а ца кхоадора цо. Мел доккха ,инзаре хета дезара цуьнна ж1аьла!Амма х1етте ашен лекхачу, кхерамехь доцчу диттан гона т1ехь ца 1ийра иза.
План 1Беша юккъехула схьавог1уш. 2.Ж1аьлин теба долар
Талламан диктан Шолг1ачу дийнахь, кхунна г1о дан ц1ахь сецначу 1абдуллас г1о а деш, нехан бежнаш дажо дигира Ахьмада. Малх дика лакхабаллалц кхунна г1о деш а 1ийна, шен керткехь г1уллакхаш дан д1авахара 1абдулла. Стовн колл олучу меттехь бажа а бажош, б1аьстенна х1инцца самадолуш доллучу 1аламан хазалле а хьоьжуш, гуш долчу суьрто б1аьрганна там хуьлуьйтуш, сапарг1ат даьккхина вара Ахьмад. К1антана хазахетара х1инцца заза даьккхина стеш а, сенъелла йог1у буц а, долу х1ума серла даьккхина, дох а дина дина болу къегина схьакхетта малх а. «Кестта хьун а сенлур ю, буц лакха а ер ., стоьмаш заза а доккхур ду», – ойла йора к1анта. Ахьмад х1ума йиъна воллушехь, кхуьнан б1аьрг кхийтира схьайог1учу шина зудчух. Кхунна девзира шен ненан болар.
Дешан х1оттам Сочинени «Суна х1унда беза нохчийн мотт»
Талламан диктант Б1АЬСТЕНАН СУЬЙРЕ. Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш. (Ш. Окуев)
ФОС 5 класс литература
Раздел Тема
Халкъан барта кхолларалла Изложени Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1а- йоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта. Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. "Кхуьур вац, х1ал-лакъхили тхойшиъ", - аблла, Лоьмина дагатоссушехь, ма-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах вог1у бере гина цунна*. Иза тхан объездчик Са- лахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош. Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан. - Схьат1етасало т1еххьа! - мохь тоьхна цо Лоьмига. Д1алалла! - аьлла, Лоьмас, мохал маса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина до- г1ухи. Хьалха кхийда саьрмикан моттсанна, ирча хилла хин юьхь. Лаьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма.Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лалвелла,т1екхаьч- начу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Иаккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза. Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина бер- риге а боьра хиэ д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьа- радовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира. 2. Гайсултанов 3.План х1оттор
4. "Ирча хуьлу ламанан хиш". 5. "Иза тхан хехо Салахь хилла". 6. "Ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна»
«Майра к1ант Сулима» Сочинени « Сулимин хьуьнарш»
Бадуев Са1ид Изложени «Зайнди» Зайнди 7 шо дуьзуш цуьнан нан Бикату елира .Цхьаъ бен воцуш Зайнди дукхавезаш ,хьоме хеташ лелавора Бикатус.Г1ийла воьлхуш дикка зама яьккхира Зайндис,шен нана йицъяла ца туьгуш. Бикату елла уьссалг1а бутт бузуш Зайндин дас Бисолтас луларчу юьртара зуда ялийра. Зайндица к1еззиг г1иллакхаш лелийра дестечо.Арухина ша вина воцу Зайнди ,дика г1уллакхаш деш,эсала велахь а, сов вала волавелира. Зайндина шеца даьсте вон хила йоллий ца хаьара. Иза тера вацара ша хьалхалерачух.Де мел дели эрчаволуш,беркъаволуш вочуволуш лаьттара Зайнди. Зайндис садетташ деш къурдаш,цуьнан дена юьхьанца ца хаьара. Бисолта ц1ахь воцуш зама яьлча, даьлла х1ума а доцуш, етташ хьийзавора Зайнди. План Зайндин мел шо кхочуш елира цуьнан нана? Шен цхьаъ бен воцу Зайнди муха лелош хилла нанас? Бикату елла маса бутт баьлча зуда ялийра Бисолтас? Арухас муха лелош хилла , ша вина воцу Зайнди? Бисолта ц1ахь воцуш зама яьлча х1ун деш хилла Зайндина?
Сочинени «Шийла 1а»
Ахмадов 1умар Ахмадович Изложени «Майра хьаша» Г1алара хьаша веара тхо долчу
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 84; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.006 с.) |