Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина Иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина Иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла.

 «Дешар-серло, цадешар бода»

Дешан х1оттам

Талламан диктант

Ненан дарбане куьг

Цхьана ламанан юьртахь дехаш хилла наний, к1анттий. Кху дуьненахь яккха шен оьмар чекхьяьлча, нана д1акхелхина. К1ант ша висна. Т1аккха ц1еххъана иза азвала волавелла, кертахъ дaa-мала шортта доллушехь.

Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла.

Ницкъ а эшна, метта охьавижина к1ант. Кхин дан амал а ца хилла, махкахь а дика вевзаш, ц1е яханчу шайхана т1ебахана цуьнан гергара нах. Шайхе д1адийцина ма - дарра. Шайхо аьлла:

– Цунна токх нанас шен куъйга бина кхача а бен ца хилла. Иза толур ву, нагахь санна аша цуьнан ненан куъг кхетта кхача баабахь. Кхин дан дарба дац цунна. Кхача а кечбина, ненан коша тle бахана вуьйш. Каш а аьхкина, шаьш беанчу кхачех ненан дакъаделла куъг хьакхадалийтина цара. И кхача к1антана хьалха биллина цара. Вукхо биъна. Цхьа-ши де далале, то а велла, меттара хьалаг1аьттина к1ант.                                                    (133 дош)

 

Ц1ердош (юкъара кхетам)

Талламан диктант

Б1АЬСТЕНАН СУЬЙРЕ.

Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш.

(Ш. Окуев)

 

 

Сочинени

«Суна х1унда беза нохчийн мотт»

Карладаккхар

Шеран талламан диктант

                            Мокха куьйра

1аьс доккха дог1ура.Ламанца дог1а даран билгало яра иза. Хих дехьа неканца вала дезара. Ц1еххьана б1аьрг кхийтира сан дехьара схьадог1ачу куьйранах. Со гина куьйра ирахдирзина. Ас топ тоьхча,охьаоллабелла ког кхозуш а болуш,юха 1аьсал дехьа делира иза.Цу сохьта дехьа велира со а.

     Дукха хан ялале, бен т1ехь болчу доккхачу толла к1елахь вара со.

     Сихха толла т1е а ваьлла, к1орнеш яйа дагахь, бена чу хьаьжира со. К1орнеш яцара. Бенара г1евттинчул т1аьхьа цхьана баттахь а лелайо олхазарша шайн к1орнеш, царна талла, яжа, яха 1амош.

     Хьуьнан дахар ца девзачунна, цунна чохь дахар дац моьтту. Аммма и бакъ дац.

 

      Цхьа сахьт сов зама яккха дийзира сан юькъачу моан куллана юккъехь. Дуьйладелира олхазарийн «хабарш». Царна юккъехь къаьстина кхераеллачу шоршалан тарсар а, хенак1уьран зевне кхайкхар а, можокъан шабаре хабар а. Мокхачу куьйранан аз хезаш дацара .                           



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 69; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.53 (0.009 с.)