Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Со коникулашкахь волуш хилларг»Поиск на нашем сайте Талламан диктант
«Доттаг1ала» Комсомоле а кхузахь, нефтекачкехь, велира иза. Юкъараллин балхахь даима а жигара дакъалоцура цо, комсомольски собранешкахь даггара къамелаш дора, кхачамбацаршца, низам талхочаьрца цхьа а машар бацара цуьнан. Массо а х1уманна т1ехь а шегара некъ гойтуш волчу цо балха т1ехь шен ницкъ кхочу г1о дора накъосташна, доккха доттаг1ала дара цуьнан оьрсичуьнца, шен ц1архочуьнца Лычин Пашица. Общежитехь цхьаьна 1аш а, сарахь доьшуш а цхьана вара и шиъ, киной, паркей вьдуш а вовшх ца къаьстара. Ханпашина нефтекачкехьоьрсийн а, кхечу къомах болчу а белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра. Кхузахь, белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра. Кхузахь , белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра.
Терахьдош Изложени «Гуьйренан юьхь»
Т1е к1урз биллинчу тхевнах терачу стиглара бутт, иккхинчу кехат латийна, шиша т1ехь долу чиркх, мехкдаьтта кхачийча санна, д1абайра : ткъа седарчий-м тоххарехь гучуьра д1адевллера. Буьйса т1етт1а 1аржлуш лаьттара : мохо схьалоьхку мархаш, лаьтта т1е буьззина бода х1оттош, 1аь1аш яра. Из яра нохчийн ярташкарчу ц1енош чохь, товхашна хьалха а хевшина, 1аьржа б1аьргаш долчу бараша, г1ийлачу ц1ергахь херца а хоьрцуш, хьажк1аш йотту зама. Теркаца г1ум г1аттош, хьекха болабелира цхьа ирча мох. Ткъес деттаран лепарехь гуш хуьлура лаьхьанах терачу, г1ашший, генашший д1аидочу, цу Теркан асанан масаллий, аьрхаллий, лаьтта т1ехула акхтаргашший, дог1ано етта тулг1енашший. Дохк санна юькъачуй, оцу буса инзаре акхачуй хьуьнхахь, дезачу а, дег1е зуз доуьйтучу а озанца, шен к1езех хаьдча санна, уг1уш борз а хезара лахахьуо хин йистехь. Цуьнан уг1ар, дог1анца дера хьоькхучу мохан уг1арх д1а а оьй, цхьаъ хуьлий д1адахлора цкъа, юха а къаьстара, д1аоьра т1аккха а. Оцу лерг г1елдчу, дог те1очу г1аранна юккъехула наг-наггахь, халла, къорра схьахедара .Теркал дехьарчу нохчийн юьртахь ж1аьлеш летар. Буьйса йоьхна еанера.
План. 1. «Бутт 1аржлуш лаьттара». 2. «Иза яра гуьйре юлу зама». 3. «Уг1уш юьртахь ж1аьлеш летара». 4. «Нохчийн юьртахь ж1аьлеш летара».
Талламан диктант
Талламан диктант « Юьртахь суьйре» Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар.1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре. Шовданаш декар,олхазарийн эшарш,дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний , гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн буьхьгийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш.Уьш дерриге а вовшвех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора.Иза лаьмнаша д1аузий,стамйой,1аннашкахула чекхйоккхура. Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар.Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ цхьаъ дара куц а,г1иллакх а оьздангалла а цхьанадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар. ( 80дош) Т1едиллар. Хьалхара кхо предложени синтаксически къстае.
Сочинени «Б1аьстенан юьхь»
Ц1ерметдош Изложени Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1а- йоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта. Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. "Кхуьур вац, х1ал-лакъхили тхойшиъ", - аьлла, Лоьмина дагатоссушехь, ма-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах вог1у бере гина цунна*. Иза тхан объездчик Са- лахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош. Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан. - Схьат1етасало т1еххьа! - мохь тоьхна цо Лоьмига. Д1алалла! - аьлла, Лоьмас, мохал маса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина до- г1ухи. Хьалха кхийда саьрмикан моттсанна, ирча хилла хин юьхь. Лаьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма.Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лалвелла,т1екхаьч- начу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Т1аккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза. Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина бер- риге а боьра хиэ д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьа- радовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира. 1. Гайсултанов 3.План х1оттор
1. "Ирча хуьлу ламанан хиш". 2. "Иза тхан хехо Салахь хилла". 3. "Ирахь латта Мор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна".
«Пхьагал» 1ай юьрта юххехь ехаш яра пхьагал. Буьйса т1екхаьчча, цхьа лерг хьала а айдина ладуьйг1ира цо, т1аккха шозлаг1ниг айдира , мекхаш меттахъадира, хьожа а яьккхина т1аьхьарчу когаш т1е х1оьттира. Т1аккха цкъа- шозза к1оргачу лай т1ехь, кхоссаелира иза, юха т1аьхьарчу когашна т1е ахиина, д1а-схьа хьежа елира. Цхьана а аг1ор гуш х1умма дацара, ло доцург. Тулг1еш санна,1уьллуш дара ло,шекар санна лепаш . Пхьагалан коьрта т1оьхула шело яра, цу шелона т1оьхула гуш дара къегина даккхий седарчий.
Ц1ерметдош Сочинени «1ай»
Хандош Шеран талламан диктант 1аьнан зама.Ша хьаьхначу арахь когаш шерша. Хи дахьаш йог1у цхьа йоккха зуда.Гу т1ехь хьалайолуш галйолу иза. Когаш шершаш саца а ца елла, охьакхета зуда. И гира ша т1ехь ловзуш волчу 1умарний, Мохьмадний. 1умар, зудчуьнга а хьаьжна, велавелира.Цунна оьг1азваханчу Мохьмада элира: "Эхь ца хета хьуна вела, хьо-х де- шархо ву!м Т1аккха цо, зудчунна хьалаг1атта г1о а дина, ведарш юха дуза а дуьзна, уьш ц1а даьхьира.Зудчо резахиларца даггара баркал- ла элира Мохьмадна. Шолг1ачу дийнахь хьехархочо дикачу амалех лаьцна къамел дира. Класс ладоьг1уш д1атийра. Хьехархочо дийцира Мохьмада селхана зудчун г1о лацарх. Зудчо кехат даийтина хиллера школе. - Мохьмад ц1ийвеллера, цул а ц1ийвеллера селхана зудчух вийлина 1умар. Эххар а хьехархочуьнга дош дийхира цо. Хьехархочо бакъо елира. Шегара даьлла г1алат ма-дарра д1адийцира 1умара. Дешархошка а, Мохьмаде а шена бехк цабиллар дийхира цо. (128 дош). 1. Чантиев. Дешнаш т1ехь болх бар:»хьаьхначу, ц1ийвеллера
6 класс литература
Туьйранаш Сочинени «Дашо гуьйре» Ахмадов 1умаран кхолларалла Сочинени «Оха муха даздо Керла шо» Саракаев Хьамзатан кхолларалла Изложени ОЬЗДА KIAHT. ... Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йоПий. И шиъ дара 1абдурахьманний, Маликий. - 1овдал ма лела! Д1аяхийта со! Эхь ца хета хьуна соьца къийсавала! - ц1ог1а хьоькхура Маликас. - Ахь сайна дош даллалц-м йохуьйтур яц! Дийца, Малика, реза юй хьо ас бохучунна? - хоьттура 1абду- рахьмана, пхьаьрсаш д1аса а тесна, некъа юккъе а х1оьттина... Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вогГу Хан- паша. - Хьо х1унда йоьлху, Малика? - хаьттира цо, говра т1ера охьа а эккхаш. - XIokxo д1аяха ца юьту-кх,- жоп делира Маликас. - Боьршачу стагана бакъахьа дац иштта осала лел- ча. Д1аяхийта иза шен новкъа,- элира Ханпашас 1абдурахьмане. - Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша,- т1ечевхира 1абдурахьман. - Х1ун бахара ахьа? Кхин цкъа а алал иза! - оьг1азе цунна т1еволавелира Ханпаша. - Хьуна хезнарг бахар-кх,- ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина. - 1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен ве- лахь,- мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика. - Х1унда туьйхи ахь суна, ва 1абдурахьман? Со хьох лата г1ерташ ма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета ме- гар дац хьо? - Дера туьйхира, хьоьх х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела,- шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза. Кхин д1а са ца тохаделира Ханпаше. - Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна! Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьс- сина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах^симма ц1ий а оьхуш. (В. Матиев) - Кхин д1а царех хилларг д1аяханчу урокехь кхе- торан диктант т1ехь яздира вай. Шайна эшахь, иза а юха деша. 4. Изложени язъян кечам бар. 1. План х1оттор. Иза х1окху кепара хила тарло: План. 1) Ханпашас тидам бинарг. 2) 1абдурахьман шен дагахь дерг нуьцкъала кхо- чуш деш хил ар. 3) Ханпашина иза кхето лаар. 4) 1абдурахьманан сонталла, осалалла. 5) Ханпашин собар. 6) 1абдурахьманан цавашар, «цакхерар». 7) Нийса бекхам. 8) Хетий шуна Ханпаша оьзда а, майра а?
Махмаев Жамалдин Сочинени « Б1аьсте» Яралиев Юсупан кхолларалла Сочинени «Тхан доьзал»
5 класс
Нохчийн мотт Карладвккхар Талламан диктант Б1АЬСТЕНАН СУЬЙРЕ. Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш. (Ш. Окуев) Синтаксис пунктуации Сочинени Предложенан коьрта а, коьртаза а межаш Талламан диктант
Талламан диктант « Юьртахь суьйре» Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар.1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре. Шовданаш декар,олхазарийн эшарш,дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний , гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн буьхьгийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш.Уьш дерриге а вовшвех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора.Иза лаьмнаша д1аузий,стамйой,1аннашкахула чекхйоккхура. Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар.Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ цхьаъ дара куц а,г1иллакх а оьздангалла а цхьанадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар. ( 80дош) Т1едиллар. Хьалхара кхо предложени синтаксически къстае. Чолхе предложенеш Талламан диктант «1ай»
1аьнан зама.Ша хьаьхначу арахь когаш шерша. Хи дахьаш йог1у цхьа йоккха зуда.Гу т1ехь хьалайолуш галйолу иза. Когаш шершаш саца а ца елла, охьакхета зуда. И гира ша т1ехь ловзуш волчу 1умарний, Мохьмадний. 1умар, зудчуьнга а хьаьжна, велавелира.Цунна оьг1азваханчу Мохьмада элира: "Эхь ца хета хьуна вела, хьо-х де- шархо ву!м Т1аккха цо, зудчунна хьалаг1атта г1о а дина, ведарш юха дуза а дуьзна, уьш ц1а даьхьира.Зудчо резахиларца даггара баркал- ла элира Мохьмадна. Шолг1ачу дийнахь хьехархочо дикачу амалех лаьцна къамел дира. Класс ладоьг1уш д1атийра. Хьехархочо дийцира Мохьмада селхана зудчун г1о лацарх. Зудчо кехат даийтина хиллера школе. - Мохьмад ц1ийвеллера, цул а ц1ийвеллера селхана зудчух вийлина 1умар. Эххар а хьехархочуьнга дош дийхира цо. Хьехархочо бакъо елира. Шегара даьлла г1алат ма-дарра д1адийцира 1умара. Дешархошка а, Мохьмаде а шена бехк цабиллар дийхира цо. (128 дош). 1. Чантиев. Дешнаш т1ехь болх бар:»хьаьхначу, ц1ийвеллера Фонетика,графика, орфографи Изложени ОЬЗДА KIAHT. ... Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йоПий. И шиъ дара 1абдурахьманний, Маликий. - 1овдал ма лела! Д1аяхийта со! Эхь ца хета хьуна соьца къийсавала! - ц1ог1а хьоькхура Маликас. - Ахь сайна дош даллалц-м йохуьйтур яц! Дийца, Малика, реза юй хьо ас бохучунна? - хоьттура 1абду- рахьмана, пхьаьрсаш д1аса а тесна, некъа юккъе а х1оьттина... Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вогГу Хан- паша. - Хьо х1унда йоьлху, Малика? - хаьттира цо, говра т1ера охьа а эккхаш. - XIokxo д1аяха ца юьту-кх,- жоп делира Маликас. - Боьршачу стагана бакъахьа дац иштта осала лел- ча. Д1аяхийта иза шен новкъа,- элира Ханпашас 1абдурахьмане. - Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша,- т1ечевхира 1абдурахьман. - Х1ун бахара ахьа? Кхин цкъа а алал иза! - оьг1азе цунна т1еволавелира Ханпаша. - Хьуна хезнарг бахар-кх,- ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина. - 1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен ве- лахь,- мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика. - Х1унда туьйхи ахь суна, ва 1абдурахьман? Со хьох лата г1ерташ ма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета ме- гар дац хьо? - Дера туьйхира, хьоьх х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела,- шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза. Кхин д1а са ца тохаделира Ханпаше. - Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна! Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьс- сина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах^симма ц1ий а оьхуш. (В. Матиев) - Кхин д1а царех хилларг д1аяханчу урокехь кхе- торан диктант т1ехь яздира вай. Шайна эшахь, иза а юха деша. 4. Изложени язъян кечам бар. 2. План х1оттор. Иза х1окху кепара хила тарло: План. 1) Ханпашас тидам бинарг. 2) 1абдурахьман шен дагахь дерг нуьцкъала кхо- чуш деш хил ар. 3) Ханпашина иза кхето лаар. 4) 1абдурахьманан сонталла, осалалла. 5) Ханпашин собар. 6) 1абдурахьманан цавашар, «цакхерар». 7) Нийса бекхам. 8) Хетий шуна Ханпаша оьзда а, майра а?
Талламан диктант «Доттаг1ала» Комсомоле а кхузахь, нефтекачкехь, велира иза. Юкъараллин балхахь даима а жигара дакъалоцура цо, комсомольски собранешкахь даггара къамелаш дора, кхачамбацаршца, низам талхочаьрца цхьа а машар бацара цуьнан. Массо а х1уманна т1ехь а шегара некъ гойтуш волчу цо балха т1ехь шен ницкъ кхочу г1о дора накъосташна, доккха доттаг1ала дара цуьнан оьрсичуьнца, шен ц1архочуьнца Лычин Пашица. Общежитехь цхьаьна 1аш а, сарахь доьшуш а цхьана вара и шиъ, киной, паркей вьдуш а вовшх ца къаьстара. Ханпашина нефтекачкехьоьрсийн а, кхечу къомах болчу а белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра. Кхузахь, белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра. Кхузахь , белхалошна юккъехь шен шозлаг1а доьзал карийра.
Лексикологех кхетам Сочинени
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 58; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.008 с.) |