Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Билгалдош морфологически къасторПоиск на нашем сайте Карладаккхар Талламан диктант
6 класс нохчийн мотт Талламан диктант «1а» Мархаш ю стиглахь бодане лаьтташ. Кхин гуш дац б1аьстенан олхазараш, сингаттаме ека дитта т1ехь къиг. Г1ийла т1есерса шийла ло. Шийла мох бу хьоькхуш. Б1аьсте яллалц 1уьллур ду к1айн ло лаьттахь. К1еда, к1айн куйнаш техки цо дитташна а, ц1еношна а. Шелоно а шен болх д1аболийра: новкъа воьдург, арахь виснарг шелван г1ерташ, хишна т1еш тохкуш, дитташний, корий б1аьргашний т1ехь исбаьхьа суьрташ х1иттош. Мохо д1ахьекхначу лайх хилла баьрзнаш ду лаьтташ. 1аьйн т1ехь а, совхозан дукха хуьлу белхаш. Цхьабочара даьхни 1алашдо, вукхара б1аьстенан кечам беш машинашна ремот йо. Цхьаберш дечиг дан хьуьнах оьху. Берийн а бу шайн болх. Уьш школе оьху. Школана а, ц1еношна а т1ебоьдуш болу некъ лайх ц1анбо, шайна салазаш а, конькеш а хехка меттигаш тайо. 1ай олхазарш меца хуьлу. Царна юург таса меттигаш а кечйо бераша, уьш кхаба а кхобу (130 дош)
Билгалдош Изложени Изложени
«Ши к1еза» Цхьана дийнахь лелла ц1авог1учу хехочунна, лохачу бердан йисттехь 1уьллуш, жима ши к1еза карийра. Дукха хазахетарна и щиъ эцна ц1а веара. Ц1ахь цо даьккхина буьйда жижиг тесчи, шайн онда девллачу к1езаша сихха диира. Т1аккха дуьйна, дукхах берг, и кхача латтабора цо царна. Цул т1аьхьа кхо де даьлча, суьйранна, чохь цхьацца деш х1ара воллуш, цхьа чог1а татанаш хезира. Сихха араиккхинчу хехочун б1аьрг кхийтира, цхьа х1ума а багахь, хьуьнан юккъе къайлайолучу экханах. Цхьана х1уманах шекваьллачу цо щакарца т1едийхира шен к1езий. Амма ч1ог1а цецвелира иза, шена хьалха цхьаъ цхьаъ бен ца гича. Цуьнга а хьожущ, ойлане ваьллачу стеган, ц1еххьана сапарг1атделира, чохь тоьлущха дерг экхано бухадитина хиларна. Цул т1аьха к1ира даьлча, ч1ог1а дог1учу дог1анна арахь ца сацвелла, чохь, маьнги т1ехь д1атевижна 1ачу хехочунна набран тар тесира. Чуьркаш дукха хиларна, лампа яйина яра. Юха а татанаш девлира. Хехо самавелира. Тата дара х1ара волчу маьнги к1елахьара схьаг1ерташ. Уьш шен пен охкуш, къуй тарбелла, хьажийна топ туьйхира. Д1а араваьлчу, кхунна гира : пхоьазза йолучу тоьпан д1анарго яла карчийна мокха борз. Иза экха елахь а, хехочунна къахийтира цунах, х1унда аьлча, шен к1езан марзонна, ц1ийнан пен аьхкина а, иза д1адига г1ерташ, цо 1ожалла т1еэцна хиларна.
ПЛАН 1. Талла ваханчуьра ц1а вог1ущ. 2. Шен к1езанна еана борз. 3. Тоьлащха долу к1еза бухадисира. 4. Ц1ийнан пен акха.р 5. Экханан далар.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 66; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.156 (0.006 с.) |