Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Талламан диктант «хьоме юрт». Предложенин шакьаьстина меженаш. ИзложениПоиск на нашем сайте Талламан диктант «Хьоме юрт» 1. Хьоме юрт Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхо ламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз. Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо. Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а. Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура. Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош) (I. Юсупов «Къоман тептар»)
Предложенин шакьаьстина меженаш Изложени . Ненан б1аьрхиш Цхьа к1ант хилла къеначу ден-ненан. Дукха везара царна иза. К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, г1ирссий, т1емалочун духаррий кечдира дас. Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцу к1ант а вахара цаьрца. Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостаг1 ву т1ег1ерташ, аьлла, цо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина, уьш бацо. Х1орш д1акхаьчча, мостаг1ашца т1аме х1иттира. Къаьсттина ч1ог1а т1ом беш вара цхьа цавевза т1емало. Цецваьлла висира массо стаг. – Мила ву и т1емало? – хаьттира цхьаболчара. – Иза дика т1емало ву, – элира вукхара. Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. Массо а цхьаьний т1елетира уьш оцу турпалхочунна. Вуьйжира к1ант. Т1аккха т1етаь1ира ламанхой мостаг1ашна. Х1аллакбира цара уьш. Болатан гlaгl малхехь къегаш, баттах йолчу юьхьа т1ера сирла нур г1уьттуш, нана ехачу керта вахьаш вара к1ант. – Собарделаш! – элира хьалхаваьллачо. – Вежарий! Caн ницкъ кхочур бац к1ентан нене xlapa д1ахаийта. Со кхоьру х1окху бохамо нана а ерна. Мила ву шуна юккъехь маттана говза, нене xlapa д1адалхо? Массара а кортош охьаохкийра. Хьалха велира къоьжа корта болу стаг. – Схьаба суна дечган пондар, цо дуьйцур ду нене говзачу, хазачу маттаца к1ант валар. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ. Схьабеара пондар. Делха дуьйладелира пондаран мерзаш. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира к1ентан нана. Цунна гира, вистхуьлуш стаг воцуш, г1айг1ано кортош охкийна, т1емалой, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш, бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна. Ц1еххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гlepгlap, лоьман ц1ийзар, берзан yгlap хазийра. Цо дуьйцура к1ант майра, доьнал долуш кхиар. Т1аьххьара а, т1еман герзаш вовшахдетталущ санна, къора бийкира пондар. Хеталора: т1еман марсаллехь майрачу к1антана т1ера барзакъ болатан г1овг1анца декаш санна. Т1аьххьара сирла ц1ена аьзнаш г1евттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан з1енарех тарделла. Хетара цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан дуьхьа эгнарш цкъа а лийриг цахиларх. Боьлхура пондар, тийжара пондар. Ладоьг1ура к1ант винчу нанас. Гора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана. Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара. Дуьххьара араваьллера иза нене ца хоттуш. Иза майра леттера мостаг1ех. Дуккха а х1аллакбира цо уьш. Велира ша а. Велира даима ваха. Боьлхура пондар, тийжара пондар. – Ас декъалво хьо, сан к1ант! – мохь туьйхира нанас. – Оха декъалво хьо! – йийкира тоба. Боьлхура пондар, тийжара пондар. Оьгура ненан б1аьргех довха хиш. (370 дош) (А. Сулейманов)
Хьесап: 1. Цхьа к1ант хилла къеначу ненан. 2. Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка. 3. Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. 4. Хьалхавелира къоьжа корта болу стаг. 5. Схьабеара пондар. 6. Делха дуьйладелира пондаран мерзаш. 7. Боьлхура пондар, тийжара пондар. 8. Оьгура ненан б1аьргех довха хиш.
2.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 514; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.008 с.) |