Сочинени. Мамакаев мохьмад». Гадаев Мохьмад. Сочинени. Гадаев Мохьмадан кхолларалла». Исаева Марьяман кхоллараллех хаамаш. Сочинени. Ирсан орам». Эдилов Хас Мохьмадан кхолларалла. Сочинени. Сийлаха». Музаев Нурдин кхолларалла. Сочинени. Сатийсаман ницкъ». 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Сочинени. Мамакаев мохьмад». Гадаев Мохьмад. Сочинени. Гадаев Мохьмадан кхолларалла». Исаева Марьяман кхоллараллех хаамаш. Сочинени. Ирсан орам». Эдилов Хас Мохьмадан кхолларалла. Сочинени. Сийлаха». Музаев Нурдин кхолларалла. Сочинени. Сатийсаман ницкъ».

Сочинени

                           « Мамакаев Мохьмад»

Гадаев Мохьмад

Сочинени

                «Гадаев Мохьмадан кхолларалла»

Исаева Марьяман кхоллараллех хаамаш

Сочинени

                   «Ирсан орам»

Эдилов Хас Мохьмадан кхолларалла

Сочинени

                         «Сийлаха»

Музаев Нурдин кхолларалла

Сочинени

              «Сатийсаман ницкъ»

Гайсултанов 1умаран кхолларалла

Сочинени

               «Александр Чеченский»

                                            

                                       11 кл

                                  Нохчийн мотт

                      Мах хадоран г1ирсийн фонд

 Цхьалхе предложенеш

Талламан диктант

                             «1а»

                                                                    

Мархаш ю стиглахь бодане лаьтташ. Кхин гуш дац б1аьстенан олхазараш, сингаттаме ека дитта т1ехь къиг. Г1ийла т1есерса шийла ло. Шийла мох бу хьоькхуш. Б1аьсте яллалц 1уьллур ду к1айн ло лаьттахь. К1еда, к1айн куйнаш техки цо дитташна а, ц1еношна а. Шелоно а шен болх д1аболийра: новкъа воьдург, арахь виснарг шелван г1ерташ, хишна т1еш тохкуш, дитташний, корий б1аьргашний т1ехь исбаьхьа суьрташ х1иттош. Мохо д1ахьекхначу лайх хилла баьрзнаш ду лаьтташ. 1аьйн т1ехь а, совхозан дукха хуьлу белхаш. Цхьабочара даьхни 1алашдо, вукхара б1аьстенан кечам беш машинашна ремот йо. Цхьаберш дечиг дан хьуьнах оьху. Берийн а бу шайн болх. Уьш школе оьху. Школана а, ц1еношна а т1ебоьдуш болу некъ лайх ц1анбо, шайна салазаш а, конькеш а хехка меттигаш тайо. 1ай олхазарш меца хуьлу. Царна юург таса меттигаш а кечйо бераша, уьш кхаба а кхобу

                                                                              (130 дош)

 

                                       

Цхьалхе предложениш

Изложени

. Дайн 1адат

Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь, шина жимхина юкъахь хиллачу дар-дацарехь, цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехаш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла.

Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у xlapa куьгбехкениг веллачу к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна веанчо:

– Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь... Хьайн таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1екхуьуш, – аьлла.

– Схьавола сан х1усаме, ас лардийр ду хьан дег1 a, ca а, – аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккха г1овг1а а эккхийтина, воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца.

Воккха стаг, – аьлла, д1адолийна шен къамел царах цхьамма, – дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх хьенехеран ловзаргахь. Куьгбехкениг хьан керта эккхаш гира тхуна. Бехк ма биллахьара ахь, г1ара-г1овг1а яхьаш, тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла дац. Дала гечдойла хьан к1антана! Дала собар лойла хьан син-дег1ана!

Цара деш долу къамел ша ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веаначунна.

Гобина шена лаьтташ долчу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа а вирзина, кхайкхина воккха стаг:

– Хьаша, схьагучувала, хьан сина кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь...

Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг:

– И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина, т1аьххьара суна чуьра са д1адолуш сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий ахь сан син г1ала, д1аяьккхи ахь син г1ортор, хадий ахь сан орам... Х1инца маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1екхаччалц!

Зиярт чуьра араволуш санна, 1аш волчу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша.                                            (300 дош)

                                                                                                                                      (Д. Сумбулатов)

Хьесап:

1. Ловзаргахь хилла бохам.                2. Лурвоьлларг веллачу к1ентан да волчу кхочу.

3. Хьаша ларвар – дайн 1адат.           4. Орца т1аьхьакхочу.

5. Ирча кхаъ.                                         6. Воккхачу стеган къонахалла.

 

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 115; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.236 (0.008 с.)