Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Мамакаев Мохьмадан кхоллараллехь къоман литература кхиарехь долу маь1наПоиск на нашем сайте
Тема 10 кла. Нохчийн мотт
Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Карладаккхар Талламан диктант Нохчийчоьнан во1 Шатайпана цхьа башха корматалла йолуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Иза поэт, яздархо хилла ца 1ара. Ахьмад воккха 1илманча, историк, мохк талларан говзанча, г1иллакх-оьздангаллин хьехамча вара. Ахьмада къамел деш ладог1а к1орда ца дора цхьаьнне а. Цо нах бела а бора, белха а бора. Адамийн а, 1аламан а къайленаш дика евзара Ахмадна. Аьхкенца лаьмнашка д1авоьдура иза. Бецийн, зезагийн, диттийн дуккха ц1ераш хаьара цунна. Ахьмада йоккхачу говзаллийца яздора, дуьйцура шена гинарг, тидам бинарг. Суна хезна а дацара «ц1абалгаш» боху дош, ца гинера уьш т1ехь кхуьу дитташ. Цкъа Ахьмада вигира со а, Валид а и дитташ долчу. Церан истори а йийцира цо. Царех оьрсаша «каштановые» олу. Цкъа Сулейманов со волчу веача, хьуьн чохь болчу 1ома т1е сада1а дахара тхо. Массара боьг1ча а, ч1ерана ма1ар ца буьйг1ира цо. «Со Дала х1уманийн са эца кхоьллина вац, – бохура Ахьмада. – Ас пондарх п1елг тосуш илли эр ду шуна». Сулейманов Ахьмад цхьана ден-ненан, цхьана юьртан хилла ца 1ара. Иза Даймехкан, ерриге Нохчийчоьнан во1 вара. (145 дош) (Ш. Рашидов «Нохчийчоьнан во1»)
Лексикологи Изложени «Нохчийн кьехочун доьзалан дахар»
Нохчийн къехочун доьзалан дахар Юрт балха йоьллера. Гуьйренан докъар д1а узуш бара нах. Керташкахь ирах1уьттуш лаьттара г1одамийн такхораш. Органца хьалаохьа йиллинчу юьртарчу дитташна т1ера г1аш эсаро дахьийнера. Органца г1ийла хьоькхучу мохо уьш охьаэгадора. Ерзанаяьллачу бошмашкахула хьо д1ахьаьжча къаьстара керташкахь лаьтташ дечигин саьлнаш тайп-тайпанчу докъарийн раьг1наш; цхьаболчийн тилийна, доьрчашна чу ерзийна, вукхеран белхишка тилаяйта уьйт1ахула мoггlapa д1айоьхкина хьаьжк1аш – 1аьнна чуберза кечлуш бара нах. Юьртан йохалла чекхболучу некъа т1е ков а дог1уш, малхбалехьа дерзийна лохий ц1енош уьйт1ахь а долуш керт гора. Кет1ахь т1екъовлу ков серийн з1ар дара, оцу йоккхачу керта б1аьрг тоьхча, гуш дерг дара: ц1енойх хоьттина, ча т1е а тоьхна динчу серийн божална хьалха 1уьллуш цхьа ворда хиллал дечиг а; ц1еношна т1ехьахула д1айоьдучу керта йийначу хьаьжк1ийн г1одамех дина кегий такхораш а, учахула якъо оьхкина дукъох кхозу хьаьжк1ийн курсаш а. Уьйт1ахь доллучу къеначу дитта к1ел 1уьллучу боккхачу т1улга т1ехь laш хуьлура, этт1ачу машин чухула йоллучу кхекхийн кетарх а хьаьрчина, боккха месала куй коьрта а тиллина, шарахь хорша хьехча санна, бос байначу юьхь т1ехь яьлла 1аьржа маж а йолуш, я мача тоьгуш, я чуха хуттуш воллуш жимачу дег1ахь цхьа стаг а, диттах букъ а тоьхна, цунна т1ех1оьттина лаьтташ жима к1ант а. Жима волуш дуьйна а кхетаме вара Хьамид. Цхьа а харцахьара г1уллакх цуьнгара долуш дацара. Йоманаш ехкинчу не1армачашна чухула б1ег1иган б1оржамаш а буьйхйна, шен тишъеллачу лаьстиган г1абалех нанас шена йинчу г1овтална т1ехула доьхкаран локхар а йихкина, пхьаьрса к1ел дечигаш а доьхкина, Хьамид новкъа воьдуш гинчунна хуур дара, Хьамид ира хьекъал долуш бер хилар – цуьнан новкъа вахарх а, шен г1уллакх доцчу цуьнан цакхийдарх а, шена бала боцург цо ца тергалдарх а… (253 дош) (Сальмурзаев Мохьмад «Кхетаме Хьамид») Хьесап: 1. Юрт балха йоьллера, 1аьнна чуберза кечлуш бара нах. 2. Нохчийн къехочун доьзалан дахар. 3. Хьамид – ира хьекъал долуш бер.
Фонетикан хаамаш Талламан диктант Бештон дагна хилла чевнаш Йоккхачу исбаьхьаллица диллина повесть т1ехь Бештон васт. Йоьшуш волчунна ч1ог1а 1аьткъачу aгlop гайтина Бадуев Саь1ида цунна хилла бохамаш. Къона, дуьненах сакъералуш, ницкъах вуьззина волу Бешто массо а х1уманах дог даьллий, дуьненах чам байний д1ах1оьттира… Цхьа тайпа дуьненан синкъерам бацара Бештон. Цуьнан дерриг а г1уллакх шен наний, Бусаний йолчу кешнашка вахар дара. Пхийтта шарахь, цу тайпана бала а хьегна, оцу кешнашка ваханчохь вала а велира иза… …Бештог1еран уьйт1а а лилхина, Бусанин наха дов доккху. Хьасана, бе а бехк боцуш, Бештона коьртах шаьлта туьйхира. Бешто сов ч1ог1а б1агор беана, хьаьвзаш го а боккхуш, шайн уча аркъал вуьйжира. Чов ц1ан а йина д1айихкича, жимма меттавеана Бешто, цомгуш 1уьллучу шен нанна т1евахара, амма вуьшта а, цамгаро ч1ог1а ницкъ бина к1елйисина йолу Рака1ат, шен к1антана, ц1еххьана кхайкхина ара а ваьккхина, чевнаш яр ла а ца делла, елла хиллера. Бешто холчу х1оьттира, кхуьнан б1аьргех мела хи хьаьдира. Ненан са даларо кхунна шена коьртах хилла чов йицйинера, xlapa, цунна улло а воьжна, воьлхуш 1уьллура.
Морфологи а,орфографи а. Изложени Ненаден къамел Цкъа цхьана дийнахь, мичара вели а ца хууш, тховх чувоьжча санна, сан ненада веара со волчу. Со т1ехь 1уьллучу маьнгин йистте охьа а хиъна, ша санна шийла шен куьг сан коьрта т1е диллира: – Салам ду хьоьга, сан хьомениг... Жоп ло х1ай, оьг1аз ма эха!.. Ваставеллий хьо?.. Цо шен киснара пряниках йина газа а, шекаран ши б1елиг а, 1аж а, кемсийн кан а схьабаьккхира, уьш ерриш а г1айбина т1е охьаехкира. – Хьажал, хьо, аса хьуна мерза х1уманаш еана! Охьа а таь1на, суна хьаьж т1е барт баьккхира цо; т1аккха къамел долийра, ситтина йолчу, олхазаран м1арех терчу, цуьнан м1арашна т1ехь къаьсттина ч1ог1а хаалуш долчу можачу басарша дуьзна долу шен жима, энжеде куьг меллаша сан коьрта т1ехула а хьоькхуш. – Х1етахь аса хьуна совнаха х1ума тоьхна моьтту суна, ваша. Ч1ог1а оьг1азвахнера со; ахь цергаш йихкира, м1араш туьйсура, т1аккха со оьг1азвахнера! Делахь а, иза х1ума дац, ахь совнаха лайнарг – т1ейолчу ханна д1алорур ду вай! (145 дош)
Кьамелан дакьош Шеран диктант
Шаьш долчу туьша иккхина Шемал Даьттахахь декъалвора нохчаша. Цуьнан сийдеш, сту а бийна, шун х1оттийра. Кхо де даьккхира цо цигахь. Ткъа Бенахь жимма хьевелира иза. Кхузахь хазахетар а хилира цунна. Шемалан дукхаезачу зудчо Пет1амата к1ант вира кхузахь. Беной а ца ийшира даьттахойл. к1антана ц1е туьллуш, масех бежана а дуьйш, caгla даьккхира цара. Иштта Бенахь дуьнена велира т1аьхьа паччахьан эскаран инарла-майор хинволу Мохьмад-Шафи. Амма воьалг1а к1ант дуьнен т1е валаро а ца яржайора Шемалан даг т1ера дохк. Шемалан Нохчийчу варан коьрта 1алашо яра: Дег1астанахь йоьжна маршонан байракх х1окху къармазечу нохчийн г1оьнца хьалаайба. Хьанна хаьа, цунах-м Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам хила а мегий. Делан къайленаш дукха ма ю. Азаллехь синош кхуллуш Шемалан сиз оцу arlop хьаькхна хила а ма мега. Кху деношкахь цунна т1еоьху б1еннаш мог1ара нохчий-м муьтахь бара х1окхунна. (А. Айдамиров) 3.-Дешнаш т1ехь болх: къармазечу, муьт1ахь
Тема 10 кла. Нохчийн литература Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Арсанов С-Бей кхолларалла Сочинени «Маца девза доттаг1алла»
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 64; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.53 (0.01 с.) |