Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина Иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина Иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла.

Ма-дарра а, лач а кьамел

Шеран талламан диктант

Ненан дарбане куьг

Цхьана ламанан юьртахь дехаш хилла наний, к1анттий. Кху дуьненахь яккха шен оьмар чекхьяьлча, нана д1акхелхина. К1ант ша висна. Т1аккха ц1еххъана иза азвала волавелла, кертахъ дaa-мала шортта доллушехь.

Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла.

Ницкъ а эшна, метта охьавижина к1ант. Кхин дан амал а ца хилла, махкахь а дика вевзаш, ц1е яханчу шайхана т1ебахана цуьнан гергара нах. Шайхе д1адийцина ма - дарра. Шайхо аьлла:

– Цунна токх нанас шен куъйга бина кхача а бен ца хилла. Иза толур ву, нагахь санна аша цуьнан ненан куъг кхетта кхача баабахь. Кхин дан дарба дац цунна. Кхача а кечбина, ненан коша тle бахана вуьйш. Каш а аьхкина, шаьш беанчу кхачех ненан дакъаделла куъг хьакхадалийтина цара. И кхача к1антана хьалха биллина цара. Вукхо биъна. Цхьа-ши де далале, то а велла, меттара хьалаг1аьттина к1ант.                                                    (133 дош)

 

 

 

                            8 класс

                  Нохчийн литература

 

 

Литература –дешан исскуство

Сочинени

        «Аса хаьржина корматталла»

Арсанукаев Шайхин кхолларалла

Сочинени

«Тимуран тур»

Яшуркаев С. кхолларалла

Изложени

«Маьрк1ажа- боданна т1ехь к1айн хьокх» (Кийсак)

Ахмадов Мусан кхолларалла

Сочинени

«Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош»

Шеран талламан балхан кечам бар.

Тесташ

8 класс. 1-вариант

1. «Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли» т1ехь йишин хилла

       а) ворх1 ваша                           б) кхо ваша                               в) цхьа ваша

 

2. «Обарг Варин илли» т1ехь Бошин 1умас Варина бира

     а)тешнабехк              б) къинхетам                  в) вошалла

 

3. «Дадин-юрт яккхаран илли» т1ехь йийсаре лаьцна

   а) 47 йо1             б) 45 зуда                   в) 42 стаг

 

4. «Дадин-юрт яккхаран илли» т1ехь Дадин-юрт

  а) ягийна 1819 ш.        б) д1ашарйина 1835 ш.           в) тойина 1917 ш.

 

5. «Зеламхин илли» т1ехь

  а) Зеламха обарг ву                           б)Зеламха инарла ву                  в) Зеламха эпсар ву

 

6. «Нохчийн шира илли» паччахьан заманчохь

а) тутмакхо аьлла                 б) турпалхочо аьлла                     в) доттаг1чо аьлла

 

7. «Сай» халкъан илли т1ехь дуьйцу

    а) адамийн дахар сен дахарца дустуш

    б) акхаройн дахар сен дахарца дустуш

   в) дийнатийн дахар сен дахарца дустуш

 

8. «1адат дийцарехь 1усамас лардира

а) 1адат                     б) г1иллакх                          в) оьздангалла

 

9. «Болат-г1ала йожар» повестехь Гуьржехахь воьхкира

а) Леча                        б) Лоьма                    в) Хвичо

 

 10. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркехь Абухьаьжа вара

а) эпсар                б) снайпер                      в) командир

 

11. Шира б1аьвнаш, хийла гина б1аьвнаш.

Малхо, мохо аьгна дог1маш шун.

Хьенан стихотворени т1ера ду х1ара дешнаш

а) Мамакаев М.                    б) Мамакаев 1.             в)Кусаев 1.

 

12. Сайн ден дакъа, ц1е-к1ур доцуш ца дисийта, юкъ йихкина,

1азап хьоьгу лай хуьлучул, летта, вала резахилла.

Хьенан стихотворени т1ера ду х1ара дешнаш

а) Дикаев М.                      б) Мамакаев 1.             в)Кусаев 1.

 

13. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркехь юьйцург х1ун хан ю

а) 1942            б) 1842                      в) 2002

 

14. «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» очеркехь Абухьаьжин да леш

а) 3 шо дара               б) 5 шо дара                       в) 12 шо дара

 

15. Учебникан автор ву

      а) С.Э.Эдилов, Х.А.Аболханов

      б) Х.С.Хамирзоев, Х.А. Аболханов

      в) С.Э.Эдилов, У.Эжаев

 

16. Шайна хазахета цхьа стих. дагахь.

 

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 129; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.007 с.)