Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Нохчийн меттан денна лерина . . Сочинени. Толаман денна лерина. . Сочинени. Раздел. Карладаккхар. ОрфографиПоиск на нашем сайте Нохчийн меттан денна лерина . Сочинени «Нохчийн мотт – дахаран хазна» Толаман денна лерина. Сочинени «Толаман де»
Раздел Тема
Карладаккхар Талламан диктант
1. Накъосталлин куьг Нохчийн дикачу г1иллакхех ду эшначохь вовшашна г1о-накъосталла дар. Стеган дахарехь г1о оьшуш меттигаш дукха нисло. Г1о оьшучохь стагана орцахцавалар йоккха ледарло лоруш ду. Стаг халонехь, балехь висча бен а ца хеташ, цуьнан бала ца кхочуш верг стаг вац я адам а дац. Кхин ницкъ бацахь, дашца мукъана а г1о дан деза оьшучунна. Коьртаниг – бен доцуш т1ехцавалар, юьстах цалаттар. Б1ешерашкахь дуьйна схьадог1уш ду вайн эшначохь белхи вовшахтохар. Белхи гулбо, асар деш, ялташ чудерзош, ц1енош деш. Белхехь къаьста балхана кадениг, куьйгана говзаниг, хьекъална ираниг, г1иллакхна оьзданиг. Лулахь я юьртахь белхи вовшахтохарехь я кхин хьоьгара накъосталла оьшуш меттиг нисъеллехь, бен доцуш т1ехвала мегар дац. Нехан дикане цахьийзинарг шен вуонехь ша висарна кхерам бу. Хьошалла, доттаг1алла, вежараллин, гергарлонан уьйраш, вовшийн г1о-накъосталла дар цхьа з1е йолуш ду. И дика г1иллакхаш вайца мел ду, дахарехь стаг ша висарна кхерам бац. (135 дош) (Уциев А.Х.)
8 кл Нохчийн мотт
Орфографи Изложени «Хьаша ларар»
Изложенеш 1. Хьаша ларар Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду. Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1 велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана. Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла. Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла. (185 дош.) (М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5») Хьесап: 1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх. 2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш. 3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла. (185 дош.) (М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5») Хьесап: 1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх. 2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш. 3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 175; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.005 с.) |