Предложенин коьрта меженаш. Предложенин коьртаза меженаш. Оге-н кепехь сочинени. Предложенин коьртаза меженаш. Таламан диктант «шемал нохчийчохь» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Предложенин коьрта меженаш. Предложенин коьртаза меженаш. Оге-н кепехь сочинени. Предложенин коьртаза меженаш. Таламан диктант «шемал нохчийчохь»

Предложенин коьрта меженаш

Талламан диктант «Б1аьстенан суьйре»

Б1АЬСТЕНАН СУЬЙРЕ.

Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш.

(Ш. Окуев)

 

Предложенин коьртаза меженаш

ОГЕ-н кепехь сочинени

 

Предложенин коьртаза меженаш

Таламан диктант «Шемал НОХЧИЙЧОХЬ»

.

Шаьш долчу туьша иккхина Шемал Даьттахахь декъалвора нохчаша. Цуьнан сийдеш, сту а бийна, шун х1оттийра. Кхо де даьккхира цо цигахь. Ткъа Бенахь жимма хьевелира иза. Кхузахь хазахетар а хилира цунна. Шемалан дукхаезачу зудчо Пет1амата к1ант вира кхузахь. Беной а ца ийшира даьттахойл. к1антана ц1е туьллуш, масех бежана а дуьйш, caгla даьккхира цара. Иштта Бенахь дуьнена велира т1аьхьа паччахьан эскаран инарла-майор хинволу Мохьмад-Шафи.

Амма воьалг1а к1ант дуьнен т1е валаро а ца яржайора Шемалан даг т1ера дохк. Шемалан Нохчийчу ва­ран коьрта 1алашо яра: Дег1астанахь йоьжна маршонан байракх х1окху къармазечу нохчийн г1оьнца хьалаайба. Хьанна хаьа, цунах-м Нохчийчоьнан а, Дег1астанан а имам хила а мегий. Делан къайленаш дукха ма ю. Азаллехь синош кхуллуш Шемалан сиз оцу arlop хьаькхна хила а ма мега. Кху деношкахь цунна т1еоьху б1еннаш мог1ара нохчий-м муьтахь бара х1окхунна. (А. Айдамиров)

3.-Дешнаш т1ехь болх: къармазечу, муьт1ахь

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 73; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.005 с.)