Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнашПоиск на нашем сайте Цхьалхечу предложенин кепаш Изложени Дайн 1адат» . Дайн 1адат Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь, шина жимхина юкъахь хиллачу дар-дацарехь, цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехаш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла. Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у xlapa куьгбехкениг веллачу к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна веанчо: – Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь... Хьайн таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1екхуьуш, – аьлла. – Схьавола сан х1усаме, ас лардийр ду хьан дег1 a, ca а, – аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккха г1овг1а а эккхийтина, воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца. Воккха стаг, – аьлла, д1адолийна шен къамел царах цхьамма, – дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх хьенехеран ловзаргахь. Куьгбехкениг хьан керта эккхаш гира тхуна. Бехк ма биллахьара ахь, г1ара-г1овг1а яхьаш, тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла дац. Дала гечдойла хьан к1антана! Дала собар лойла хьан син-дег1ана! Цара деш долу къамел ша ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веаначунна. Гобина шена лаьтташ долчу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа а вирзина, кхайкхина воккха стаг: – Хьаша, схьагучувала, хьан сина кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь... Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг: – И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина, т1аьххьара суна чуьра са д1адолуш сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий ахь сан син г1ала, д1аяьккхи ахь син г1ортор, хадий ахь сан орам... Х1инца маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1екхаччалц! Зиярт чуьра араволуш санна, 1аш волчу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша. (300 дош) (Д. Сумбулатов) Хьесап: 1. Ловзаргахь хилла бохам. 2. Лурвоьлларг веллачу к1ентан да волчу кхочу. 3. Хьаша ларвар – дайн 1адат. 4. Орца т1аьхьакхочу. 5. Ирча кхаъ. 6. Воккхачу стеган къонахалла.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 94; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.006 с.) |