Воккха стаг Бисолтий, жима хьамзаттий 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Воккха стаг Бисолтий, жима хьамзаттий

Раздел

Тема

 

Карладаккхар

Талламан диктант

ВОККХА СТАГ БИСОЛТИЙ, ЖИМА ХЬАМЗАТТИЙ

Бераш а доцуш, шаыншиъ 1аш дара доккха ши стаг: Бисолтий, Салехьаттий.

Дечке ваха тохавеллера воккха стаг Бисолта. Цуьнан лулахочун Дудин Хьамзат ц1е йолуш к1ант вара доъшуш. Хьамзат а вахара Бисолтица

хьуьнах.

Доккхачу хи йисте д1акхечира и шиъ. Башха кхерам боцуш дехьавелира Бисолтий, Хьамзаттий. Бисолтас дечкийн баххьаш ц1андора. Ткъа Хьамзата ц1андина генаш цхьана метте т1ек1ел дохкура.

Дашаза дисинчу лайн майданаш т1ехь йолу олхазарийн ларш къестайора Хьамзата|

- XIapa хьаьжой байинчу ч1ег1аган ю, xlapa къоьзачу ч1ег1аган ю, xlapa мошанан ю, - бохуш, воккхачу стагана гойтура цо уыы.

- Хьуна стенах, муха евза уыы?

- Ас тидам бина церан, д1адаханчу экханан, олхазаран лоре а хьоьжуш. Ж1аьлин, цхьогалан, берзан, кхидолчу акхаройн, олхазарийн а лараш къастало соьга.

 

 

Синтаксис а , пунктуаци а.

Сочинени

« Со коникулашкахь волуш хилларг»

 

 

Предложенин коьрта меженаш

Талламан диктант

                                   «Мехала толам»

Т1амо йина чевнаш йоьрзуш яра. Беза мохь кочара охьакхоьссина некъахо санна ,хьаланислуш дара адам. Хийцалуш дара дахар. Фабрикан куьйгалхоша бухгалтеран г1оьнча винера Саь1идах.Х1инца кхуьнан болх конторехь бара. Дешарца воун дацара адамаш.

Аьхке яра т1ееана. Нийсачу мог1аршца лаьттара таьллийн дитташ т1ера сийна г1аш мохо лестош дара. Шабар-шибар деш санна ,вовшех хьекхалора уьш. Денош хийцалуш лаьттара.

Саь1ид , экзаменаш д1а а елла, суьйренан школан уьссалг1ачу классе ваьллера. Цуьнан дахарехь мехала толам бара иза.

Суьрташка хьоьжуш лаьттара Эми. Цеха чохь йолчу г1овг1ано кхунна ца хозуьйтура уллохула д1асалелачу нехан къамелаш.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 80; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.006 с.)