Сочинени «Нохчийн мотт-сан дозалла». 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Сочинени «Нохчийн мотт-сан дозалла».

План.

1.Бух1анан къамел.

2.Къовсам балар.

3.Маьлхан толам.

 

Изложени «Хьуьнан дахар.»

 

Текст.

Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира. Оха цу чу г1утакхаш а, аптечка а, кедаш а, 1айгаш а дехкира. Са ма-хилли тхо новкъа девлира.

Новкъахь Салас ког хадийра. Тхан санитара, цунна йод а хьаькхна, д1абихкира иза. Сала т1аккха д1авеара.

Оха сада1а билгалъяьккхинчу меттигана т1екхача барх1 километр йисинера. Новкъахь тхо уьшалшна т1е 1иттаделира. Амма тхан разведчикашна дика некъ карийра. Т1аккха тхо оцу новкъа д1адахара.

Т1аьххьара сада1а севцира тхо боккха 1ам болчохь. Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш. Тхо девдда цига дахара. Жима ши йо1 тилаелла хиллера. Оха и шиъ новкъа яьккхира.

План.

1.Некъана бина кечам.

2.К1ентан ког хадор.

 3. Дикачу новкъа довлар.

4. Тилаелла жима ши йо1.

 

Сочинени «Нохчийн мотт-сан дозалла».

План.

1. Вайнметтанхазна:

а) халкъанбартакхоллараллехьметтанисбаьхьалла;

б) фразеологизмаш, дустарш, дешнийндуьхь-дуьхьалхилар.

2.Нохчийн эшарийн, иллийнмотт.

3. Г1иллакхе аларш: салам далар, маршаллахаттар, бечубалхе, г1уллакхе хьаьжжина т1екаре яр.

Изложени «Б1аьсте.»

 

Текст.

 Лаьттара ло д1адаьлла а далале, даго б1аьсте йоьху. Нагахь санна, шу халчу цамгарх тоделлехь, т1аккхашуна хууш ду хьегна хало д1аяьллий.

 Латта шийла ду, хатт лайн шаткъаца когаш к1елхьара д1алелха, амма гонах синкъераме, эсала, машаре ду! Х1аваъ къегина, сирла ду. Дитта буьххье а ваьлла д1ахьаьжча, цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дерриг дуьне хьуна гуш санна хетало. Маьлхан серло къегина ю, цуьнан з1аьнарш ловзуш, йоьлуш, хьозарчашца цхьаьна 1аьмнаш чохь луьйчуш ю. Татол шорлуш, макхлуш ду; иза х1инца самадаьлла, тахана-кхана г1овг1а ер ю цуьнан. Дитташ дерзина ду, амма х1инца денлуш а, садоь1уш а ду уьш.

 Цу хенахь, саьнгарш чу гулделла, боьха хи девзигца я белаца д1адоккхуш хаза ду. Хи т1ехула кегий кеманаш хоьцуш, я башаза бисина ша мачийн к1ажийца кагбеш, сакъерало. Хаза хуьлу, лаккха стигала кхокхий хецар я, дитташ т1е а вуьйлуш, цигахь алкханчашна баннаш д1адеттар.

 Дера, дерриге а дика ма хуьлу шеран цу ирсечу хенахь.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 135; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.176 (0.01 с.)