Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Талламан болх «Хьуьнхара д1авоьдуш»Поиск на нашем сайте Грамматически т1едиллар. 1.Куцдешнаш билгалдаха.
Талламан болх «Хьуьнхара д1авоьдуш» Текст. Хьуьнахула д1авоьдуш, цхьана ирзе кхочу. Кхузахь долу сурт, хьежа к1ордор доцуш, хаза ду. К1айчу, ц1ечу, тайп-тайпанарчу зезагашна къорза куз тесча санна, хаздина х1ара ирзо. Жимма сада1а хьо охьалахвелча, баца юккъехь гуш хуьлу хьуьнан ц1азамаш. Ц1азамаш мерза а, ша-тайпана хьожа йолуш а хуьлу. Малхбасешкахь ц1азамаш мерза а, кегийра а хуьлу, хьуьнан 1индаг1ехьа даккхий, жимма муьста чам болуш. И ц1азамаш пайдехь а, дарбане а ду, къаьсттина берашна. Лекхачу хьуьна юккъехь тийна, бодане хуьлу. Делахь а, Кхузахь шайн болх беш кегийра хьун ю – коьллаш. Уьш дарбане ю аьлча тамашийна хетадала мега. Ч1ижарг1а башха стомма г1ад а доцуш, деха дуткъа даьржина г1аш а, к1айн заза адолуш колл ю. Цо заза доккху аьхка. Цунна т1ера аьхка яьккхина кевстиг дарбане ю. Муьргийн г1ода т1ера чкъор а ду дарбане. Кхано, т1ера стоьмаш хилла бевлча, уьш кхехка а бина, церан хи мелча, шелоно цомгашвина хьо велахь, цо дарба дийр ду. Аьхка заза доккхуш йолчу коьллин зазанах боккха пайда оьцу накхармозаша. Талламан диктант «Доттаг1алла.»
Текст. Массо а заманашкахь а сий – ларам бина адамаша оцу сийлахь-доккхачу дешан. Дуьненан массо а маттахь а дека тешамечу доттаг1аллех, цуьнан дерриге а къардечу нуьцкъаллех лаьцна иллеш. Доттаг1алла хестадо шайн стихашкахь, поэмашкахь дуьненан массо а къаьмнийн поэташа. Доттаг1алла! Къаьсттина доккхачу маь1не дирзина и сирла дош вайн башхачу, амма вуно чолхечу заманахь. 1аламат кхеташ а, гергара а ду и довха дош шайн кхолламаш даима а цхьанабаьэначу российски хьалкъаша. Къинхьегамехь догц1ена йохьалла, эшначохь вовшашна г1о дар, вовшашназеделлачух пайдаэцар – и дерриге а вайн дахаран къастамалла ю, вайн российски адамийн, талхо йиш йоцу г1иллакх ду. Вайн республикан культурни дахарехь доккха г1уллакх, бакъалла а долу деза денош хилла д1ах1иттира 1977 шеран сентябрехь Нохч-Галг1айчохь д1адаьхьна Херсонски областан литературан денош. Оцу дицлур доцчу цхьанакхетаршкахьоьрсийн а, нохчийн а, украински а, г1алг1айн а меттанашкахь екара вайн Даймахках, халкъийн доттаг1аллих адамийн къинхьегаман толамех лаьцна йолу стихаш. Ишттачу цхьанакхетарша яздархошна таро ло дахар к1орггера довза, ло керла теманаш, керла васташ.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 153; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.176 (0.006 с.) |