Талламан диктант «денделла 1алам. » 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «денделла 1алам. »

Грамматически т1едиллар.

1.Хьалхарчу предложенера дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдаха.

Талламан диктант «Денделла 1алам.»

 

 

Текст.

 Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте. Шен гуш долчу беркатечу куьйгашца латта самадаьккхина, зезагашца къарзбина баьццара куз баржийра цо, хьаннашна т1е баьццара духар дуьйхира. 1аламан дозаллех даккхийдечу олхазарша тайп-тайпанчу эшаршца хьаннаш екайора. 1алам денделлера.

 Тохарлеррачу аренашкахула жа дажош лелара 1аьрби. Сара санна, вуткъа хьалавоьдуш дег1 даьккхинера цо. Амма жима, к1еззиг хьалахьаьвзина мара, г1айг1ане б1аьргаш стохкалерранаш бара.

 Кхин а шина шарахь ваца дезара цуьнан Супанина. Дан г1о доцуш, к1елвиснера Хьамид. 1аьрби схьаваккха г1иртира иза, амма баккхий нах а, молла а шена т1еверзийначу Супаница къийса а ца дела, висира. 

 (86 дош.)

 

Грамматически т1едиллар.

1.Шолг1ачу предложенера ц1ердешнаш морфологически къастаде.

2.Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенерачу хуттурга буха сиз хьакха.

Талламан диктант «Воккха стаг Бисолтий, жима Хьамзатий.»

 

 

Текст.

 Бераш а доцуш, ш аьшшиъ 1аш дара доккха ши стаг: Бисолтий, Салехьаттий.

 Дечке ваха тохавеллера воккха стаг Бисолта. Цуьнан лулахочун Дудин Хьамзат ц1е йолуш к1ант вара 6-чу классехь доьшуш.Хьамзат а вахара Бисолтица хьуьнах.

Доккхачу хи йисте д1акхечира и шиъ. Башха кхерам боцуш дехьавелира Бисолтий, Хьамзаттий.

 Бисолтас дечкийн баххьаш ц1андора.Ткъа Хьамзата ц1андина генаш цхьана метте т1ек1ел дохкура.

Дашаза дисинчу лайн майданаш т1ехь йолу олхазарийн ларш къестайора Хьамзата.

-Х1ара хьаьжой байинчу ч1ег1аган ю, х1ара къоьзачу ч1ег1аган ю, х1ара мошанан ю, -бохуш, воккхачу стагана гойтура цо уьш.

-Хьуна стенах , муха евза уьш?

-Ас тидам бина церан, д1адаханчу экханан,олхазаран лоре а хьоьжуш.Ж1аьлин ,цхьогалан, берзан, кхидолчу акхаройн,олхазарийн а лараш къастало соьга.(Х-А. Берсанов)

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 87; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.236 (0.008 с.)