Талламан диктант «Воккхастаг Имран.» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «Воккхастаг Имран.»

Талламан диктант «Нана.»

 

 

Текст

 Социйлахь х1ара бен стаг вацара. Я кхин нах хуьлу хан а яцара иза-м: буьйсанна цхьайтта даьллера. 1аьнан заманахь 1арж мА лой пхиъ даьлча. Шело юьйлура дег1ах чекх. Мох а бара юткъачу шакарца тоькан серашна т1ехула уьдуш. Наггахь некъа т1ехула дорцан к1ур а хьодура. Х1ара ша лаьттара карара бер шена т1е а къуьйлуш, кхерамца гондахьа хьоьжуш, машине сатийсина, юьрта бог1учу новкъа хьежна ши б1аьрг лаза а баьлла, когех шан т1улгаш а хилла.

 Ворх1, барх1, исс, итт, цхьайтталг1а сахьат ду, ткъа к1ант-м вала мега больнице кхачале.

 Суьйранна арара г1уллакхаш дина ша чуйирзича, 1арж а велла, бетах чопаш а йина, наггахь бен са а ца доккхуш 1уьллуш карийра кхунна иза, Ламанан юрт ю, цхьаннан а машина а яц.

 

Грамматически т1едиллар.

1.Хандешнаш билгалдаха.

 

 

Талламан диктант «Воккхастаг Имран.»

 

 

Текст

 Мазлаг1а лаьттачу уьйт1ара охьаваьлча, тог1и чохь чехка дог1уш хи а долуш, юькъачу хьуьнан хазчу меттехь дара шира ц1енош. Цигахь дехаш дара б1ера ваьлла воккхастаг 1имран а, цуьнан х1усамнана Себила а. 1имран хьуьнхо вара. Шен шерашка ца хьоьжуш, цо х1инца а болх бора: мангал а хьокхура, дечиг а доккхура, накхарш а леладора.

 Аьхка ишколера ц1а хецча а, вуьшта мукъадевллачу деношкахь а юьртара бераш ИА дог1ура и волчу. Цаьрца хуьлура хьуьнхочун берийн бераш а. Эх1, мА сакъералора-кх церан орцахь! Мел дукха дара цигахь тайп-тайпана олхазарш! Воккхачу стаганна гуш цахиларх, декарх а девзара уьш. Цунна хаьара церан амалш, дахар, бен муха, мичахь, стенах бо, х1ун юу, хьуьнхахь 1а доккхурш муьлхарш ду. 1имрана царех лаьцна вуно говза дуьйцура берашна. Кегийчарна ч1ог1а тамашийна хетара и дерриге а. (124 дош.)

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 100; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.006 с.)