Талламан диктант «х1урре молла. » 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «х1урре молла. »

Талламан диктант «Х1урре молла.»

 

Текст.

 

 Дукха хенахь дуьйна нохчийн берашна юкъахь даьржина, царна дезаш ду «Х1урре молла» ц1е йолу ловзар. Кху ловзарехь каде а, майра а хилар тоьуш дац. Хинволчу къонахчун амалш зуьйш хилла оцу ловзаро.

 Дукхахьолахь бераш шина тобане декъадаларца д1а а долалуш, кхаж баларе хьаьжжина, цхьа тоба геза йоьду, ткъа важа тоба шайна къастийначу меттехь соцу.

 Геза йоьду тоба «яжаян» бухахь соцучо, дукхахьолахь, шайлахь угар жиманиг т1аьхьа вохуьйту. Цуьнан декхар ду, гезачу тобанна т1аьхьара а ца волуш, «Х1урре молла» бохуш, маьхьарца уьш бовл-бовлу меттиг гучуяккхар. Геза тоба, ма-хуьллу, иза т1аьхьараваккха г1ерта.

 Цуьнан бакъо ю шайна т1аьхьах1оьттинарг, аьтто балахь, «эцна» а, шайгахьа ваккха, я иза кхерийна, човхийна я бевдда а цунах бовла хьовсар. Амма тоба екъаяла йиш яц. И х1илланаш, мекарлонаш чекх ца йовлахь, гезачу тобано, ша «яжош» вверг «вуьззина къонах ву», олий, и 1у бахьанехь шаьш эшна хиларна даре до. (135 дош).

                     

                 Хасбулатова Зулай, 1илманча («Стела1ад»,№4,2006ш.)

 

Дешнаш довзийтар: геза яхар – лела яхар, яжаян – ларъян.

Грамматически т1едиллар.

1) 4-г1а предложении (2-г1а абзац) юьззина синтаксически къастае.

 

Сочинени: «Дашо гуьйре»

Сочинени.

Текхечи дашо гуьйре. Сийна стигал 1аьржачу мархаша д1алаьцна. Хаза декаш долу олхазарш бовхачу махка д1адахна.Цхьадолчу диттийн г1аш мажделлер, амма дукхахдерш ц1ечу басе дирзина дара.

Хьо арахьаьжча, арахь хьуна гурд у кхоьлина денош, наггахь дог1уш дог1анаш. Б1аьста санна арахь ловзуш бераш хира дац, амма гуьйренан денош хаза ду. Массо дитташ т1ехь т1е тесна дешин з1аьнарш йолуш санна, цхьа хаза лаьтташ хира ду. Дог1а дог1уш санна, охьаэгаш г1аш. Арахь шайн ялташ чудерзо арадаьлла адам а хуьлу. Цул хазачу суьртел х1умма хир дац Суна ч1ог1а хазахета гуьйре т1ееача. Гуьйранна ас хаза г1аш лехьа до.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 93; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.008 с.)