Изложени «Бух1анан а, маьлхан а къовсам.» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Изложени «Бух1анан а, маьлхан а къовсам.»

План.

1.Гуьйранна муьлха билгалонаш хуьлу.

2.Олхазарш бовхачу махка д1аоьху.

3. 1аламан хийцадалар.

4. 1аьнна кечам бар.

 

 

Изложени «Майра хьаша.»

 

Текст.

Г1алара хьаша веара тхо долчу. Казбек яра цуьнан ц1е. Тхан хенаро вара иза. Жима хиларх, хьаша хьаша ма ву. Цундела, вайн г1иллакхо ма-хьоьххура, лорура оха иза, тхешан ма-хуьллу там бора. Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а, ц1ена бедарш юхура цо. Тхоьга т1ехула хьоьжура иза, ша массарел воккха, хьекъале хетара. Хабар дийца ч1ог1а лууш вара.

 Шена экскурсехь гинарг, т1аккха яккхийчу г1аланашкахула лелар дуьйций, багош г1овттийначохь дуьтура цо бераш. Иштта дийцира цо тхуна, цхьана дийнахь хьуьнхахь ша текхарг муха лецира.

 Х1орш, цхьа тоба бераш, лам т1е девлла хиллера. Ловзуш, х1орш д1адоьлхуш, кхарна хьалхха, шок а тоьхна, т1еболабелла цхьа къорза лаьхьа. Х1окхо, х1умма кхера а ца луш, лога т1е ког а биллина, багара мотт ч1ешалгаца оззийна схьабаьккхина…

 Цо и дийцинчу шолг1ачу дийнахь эвлайистехь ловзуш дара тхо. Цхьана хенахь тхан хьешан «Вай, мама-а!» - аьлла, мохь белира. Д1аиккхира иза. Оццул майра к1ант кхерийнарг х1ун ю техьа аьлла, цецдевлла, т1едахара тхо. 1абдулла вара цхьа юткъа-1аьржа боьха х1ума когашца юьйш воллуш.

 - Вай, Казбек, юькъачу хьуьнхахь боккхачу текхарган багара мотт баьккхина волу хьо х1окху жимачу х1уманах х1унда кхеравелла? – бехк баьккхира оха.

 - Суна гинарг-м яцара жима, - бехказа вуьйлура хьаша. (170 дош.)

 

План.

1.Г1алара хьаша.

2.Хьешан тамашийна амал.

3.Хьешо лаьхьанан мотт схьабаккхар.

4.Казбекан кхеравалар.

5.Бехказло.

Изложени «Бух1анан а, маьлхан а къовсам.»

 

Текст.

 Цхьана д1аяханчу хенахь бух1а хилла шен доттаг1ашна гергахь дозаллаш деш дерриге дуьне серладоккхуш берг шен ши б1аьрг бу бохуш. И хааделла малхана. Цо бух1ане аьлла: «Ма г1ерта сан сий хьайна дерзо.» Бух1а яша а ца яьшна цо бохучух: «Хьо бу и сан сий хьайна дерзо г1ерташ.»

 Иштта церан къовсам баьлча, схьагулделла дерриге а дийнаташ. Цхьадолу акхарой, олхазарш бух1ано бохучух тешаш хилла, вуьйш малхехьа хилла.

 «Со цхьана хана д1алечкъар бу, ткъа шу бух1ано сирла муха доккху хьовсуш хила,» - аьлла малхо.

 Д1алечкъина малх. Т1ебеана бода. Къерзош хилла бух1ано б1аьргаш, амма дуьне серладолуш ца хилла. Схьакхетта малх. Дуьне серладаьлла. Хаьттина малхо: «Х1ун олу аш?»

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 252; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.236 (0.006 с.)