Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Изложени «Дуьххьарлера хьуьнар.»Поиск на нашем сайте План 1. Ас хаьржина корматалла. 2. Х1унда хаьржина иза? 3. Муха къахьега деза лаам кхочуш беш? 4. Ницкъ кхочур буй хьан? 5. Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь? 6. Хьан г1о дийр ду хьуна? 7. Болх муха бан дагахьву хьо? Изложени «Ча а, зударий а.»
Текст. Кабехий, Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо. Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкахула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча, саттийна охьабан боллуш кхор карийра цу шина. Маьлхан серлонгахь, лоппаргаш санна, лепара ношбелла кхораш. Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь кхор ца битинера охьаэгначех. Лохо кондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча ши-кхо кхор карийра Бикатуна. Церг а тоьхна хьаьжча, чам тайра цунна. - Эх1, х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! – кхура т1е хьалахьаьжира Кабеха. - Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера ма ду кху к1елхула. Т1ехь саттийна кхораш бу. - Же, шимма т1е яьлла, массо а га ластош, кхораш охьаэго беза вайшимма, - аьлла, хьалаелира ши зуда. К1ело юьззина кхораш лахьо йолаелча, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна. Ладуьйг1ира шина зудчо, я ча, я нал, я бежна – цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чухьаьдда йог1ура ча. - Ва-а орца дала!!!... –маьхьарий а хьоькхуш, кхин хьуьн чохь ца соцуш, едда ц1а еара ши зуда. Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.
План. 1. Ши зуда хьуьнах яхар. 2. Кхораш лахьор. 3. Ши зуда кхераялар. 4. И шиъ едда ц1аяхар.
Изложени «Дуьххьарлера хьуьнар.»
Текст. Вовшаххьерчаш долу ж1аьлий, борззий керчаш басах дикка чудахара. Борз шен ма-хуьллу к1елхьараяла г1ертара. Амма ж1аьло вортан т1е катоьхна, иза д1а ца йохуьйтура. Д1асаеттара ж1аьло борз. Ша а дара иза шина-кхаанхьа чов хилла. Кхерабаларна хьалаиккхина жий, лайлахь 1уьллучу шина 1ахарна дуьхьал х1оьттина, ша х1аллакъхилла а и шиъ д1алачкъо дагахь. Борз къена яра. Борза а дацара къона. Шен болу ницкъ т1ебахийтина, тасаделлера иза мостаг1чух. Хиллачу чевнаша оьг1аздахийтинчу цуьнан ницкъ алсамбаьллера. Сихонца топ юьзна, ша волчуьра охьа чу кхоссавелира Аюб. Ж1аьлин багара шен ворта схьаяккха аьтту баьллачу барзо, ц1еххьана т1екхетта шена к1елхьарчийра Борза. Амма цо ж1аьлин логах катуххушехь, дийкира тоьпан тата. Ша йолчохь кхоссаелла, юьйжира борз. Амма юха а хьалаиккхина, д1ахьаьдира. Хьалаиккхинчу Борзас, т1аьхьа а кхиъна, юьхьа т1е катоьхна, охьахаийра иза. Юха шолг1а лаг озийра. Ша йолччохь д1акерчира гила-борз. Борза юха а т1екхийтира барзана. Амма, бага а г1аттийна 1уьллуш йолу, иза кхин х1ума дан оьшуш яцара… - Х1ан, дуьло х1инца, - аьлла, Борзин коьртах куьг а хьаькхна, ц1ехьа волавелира Аюб. Цуьнга хьала а хьоьжуш т1аьхьаболабелира уьстаг1. Барзана т1е дахана, кхин цкъа а хьожа а яьккхина, аг1он т1ехь йолчу шен угар йоккхачу чевнна шозза-кхузза мотт а хьаькхна, т1ехьарчу шина кога т1е а хуьйшуш, схьадоладелира Борза а…
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 170; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.006 с.) |