Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Сочинени «Нохчийн Даймахке сатийсар».Поиск на нашем сайте Текст. Кехаташ, газеташ чутуьйсу яьшка кертах д1атоьхна яра. Юххехула д1асалелара адамаш, машенаш. Шина дийнахь ц1ера ваьлла а лелла, ц1а веанера со. Керла газеташ схьаэца дагахь яьшки чу хьаьжча, со цецвелира. Газеташца яьшки чохь дара дакъаделла г1аш, чемхалгаш, месаш. Луларчу берашна г1еххьа оьг1азвахара со. Нехаш чуьра ара а кхийсина, яьшка ц1анйира ас. Цул т1аьхьа цхьа-пхи де даьлча а изза хилира: яьшки чохь «нехаш» яра. Юха а луларчу берашна реза воцуш, яьшка ц1анъян воьлча, сан тидам хилира жимачу шина олхазаран. Уьш сунна гена ца дуьйлуш, «ц1арр-ц1арр» деш хьийзара. Х1ун ду техьа х1ара аьлла, юьстах а ваьлла, сайн болх бан х1оьттира со. Ас деш долу татанаш тергал а ца деш, олхазарша а д1аболийра шайн болх: уьш рогг1ана сан яьшки чу а оьхуш, арадуьйлура. Шолг1ачу дийнахь хьаьжча, яьшки чохь котаман месех бина горга бен бара. Цхьа к1ира даьллачу хенахь дагадеана ас яьшка схьайиллича, чуьра араиккхира букъ т1ера мокха, до1ахан басахь, чук1елара ц1еран-ц1ечу басахь долу хаза, жима олхазар. Иза гена ца долуш охьахиира, синтем байна дека а декаш. Олхазар реза дацара ша бенара меттахдаккхарна. Бенахь 1уьллура стигалан басахь жима диъ х1оа. Т1аккха яьшка хьостамий а тухуш, д1акъевлира ас, олхазаршна чу-ара довла 1уьрг а дитина. Цхьана дийнахь х1усамнана хесахь асар деш йоллура. Цо д1ах1оттийначу аьстанан г1ожа т1е а хуьйшуш шайн «ц1ар-ц1ар» деш наьрсийн хуталш юккъе лелхаш, лийлира цхьа хаза олхазарш. Уьш башха къехка а ца къехкара. Цара хесара а, бешара а леца а лоьцуш, дууш х1аллакдора зуламе н1аьний а, кхийолу садолу х1уманаш а. Яьшка шайн х1усамна парг1ат йитарна баркалла олуш дара и кегий олхазарш. План. 1. Газетийн яьшки чохь нехаш. 2.Х1усамдас олхазарш тергалдо . 3. Яьшки чохь бен. 4.Олхазарийн баркалла.
Суьрта т1ехь сочинени.
Г1оьнна хаттарш. 1. Шеран муьлха мур бу суьрта т1ехь гойтург? Иза муха хиира шуна? 2. Муьлш бу суьрта т1ехь гойтурш? Хьайна лаахь царна ц1ераш тахка мегар ду. 3. И бераш мичара дог1уш ду? Вайна иза стенах хаьа? Х1ун ю гена йоццуш гуш ерг? 4. Бераш х1унда гулделла? Мила ю асфальта т1е охьалахъелла 1ийриг? Иза х1ун деш ю? Вукху бераша х1ун до? 5. Цхьа йо1 мичахь ю, х1ун деш ю иза? 6. Мукъачу хенахь уьш муха ловзу? Изложени «Партала ча». Текст. Байна етт схьалаха вахна, веха лийлира Дуда. Цхьа 1ин хадийча вукху 1инах чу а вуссуш, боккха арц толлуш лелара иза. Г1ел а вела, сада1а цхьана юьхка т1е хиъна ша 1ачу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина. Юьхк санна стомма, партал яра иза. Техкаш, кест-кеста соьцуш, халла болар дора цо. Цкъацкъа ехха йоллура иза м1арашца латта охкуш, леррина цхьа х1ума лоьхуш. «Шена даа напг1а лахар бен, кхин цхьана а х1уманан бала бац-кх цунна» - аьлла хетара и гуш волчу Даудана. Дагахь а доцуш, ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1. Муц1ар д1а а яхйина, хьожа йохура цо, корта д1а а, схьа а хьийзош. Т1аккха т1аьахьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, шена шеко йолу хьожа муьлхачу аг1ор схьаеттало, кхерам туьйсу меттиг мичахь ю хиинчул т1аьхьа, ц1еххьана д1аиккхира иза. Ядар партал делахь а, кхиссалуш, чехка йоьдура иза. Ядар беламе дара цуьнан, карчийна чухаьхкина гуьйриг санна, пурх а йирзина йоьдура ча 1инах чу хьаьдда… Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух. Х. Берсанов
План . 1. Байна етт лаха вахар. 2. Дудина ча гар. 3. Экханан хат1 хийцадалар. 4. Ц1еххьана ча д1аэккхар.
Изложени «Ламанан хи». Текст. Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1айоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта. Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. «Кхуьур вац, х1аллакъхили тхойшиъ», - аьлла, Лоьмина дагатоссушехь, мА-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах дог1у бере гина цунна. Иза тхан объездчик Салахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош. Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан. -Схьат1етасало т1еххьа! – мохь тоьхна цо лоьмига. -Д1алалла! – аьлла, Лоьмас, мохал масса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина дог1у хи. Хьалха кхийда саьрмикан мотт санна, ирча хилла хин юьхь. Т1аьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма. Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лаллавелла, т1екхаьчначу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Т1аккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза. Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина берриге а а боьра хи д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьардовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира. План. 1. Ирча хуьлу ламана хиш. 2. Иза тхан хехо Салахь хилла. 3.Ирахь латта г1о а ца хилла, бай т1е охьавоьжна. 4. Шаьш к1ехьарадовлар хазахетта Хьасане хьаьжна, велакъежира Лоьма.
Изложени «Бекхам». Текст. Цхьа зуда хилла ехаш-1аш. Цхьа к1ант бен, кхин доьзалхо а, я гергара нах а боцуш. Шен к1ант хене ваьлча, зуда ялийна цунна. Цхьа а г1иллакх, ларам-т1алам боцуш нисъелла хилла нус. Ц1еххьана цамгар а кхетта, меттахь йисина марнана. Цхьана дийнахь, хьаста а елла, марнанас несе дехар дина: - Ч1ог1а йоьхь дагадеъна-кх сунна, г1ой, лулахошкахь дуй а хьажий, дехий, нисдан хьажахьа, - аьлла. - Со-м лелар яц хьуна лулахошка йоьхь доьхуш, - аьлла, бат саттийна несо. Несо и кеп х1оттийначул т1аьхьа, кхин ша сатесна хиллачу йоьхьах кхетар ца нислуш, д1акхелхина марнана. Цул т1аьхьа дукха хан-зама д1аяьлла. Оцу несах а шен заманахь марнана хилла. Денош къаналле лестинчу заманахь, деэшна, г1орах хаьдда, эххар меттехь йисина иза. Цхьана дийнахь кхерзина йоьхь дагадеъна цунна. Кхайкхина, нус схьа а ялийна, ша сатесначу юучух лаьцна дийцина цо цуьнга. Вукхо, кхин ойла ца еш, сихха яха а яхана, цхьанхьара йоьхь а нисдина, чомехь кеч а дина, марнанна хьалха диллина. Йоьхь схьаэца дагахь, кхуо хедарна куьг т1ехьушшехь, чуьрчу йоьхьах текхарган сурт х1оьттина кхунна. Кхераеллачу марнанас и хедар, дукха хьере хуьлий, кхуссий д1адохуьйту: «Х1ара х1ун ю ахь суна еънарг?» - олий, несана т1е а чевхаш. Ша х1ун эр ду а ца хууш, хиллачух а ца кхеташ, 1адийча санна, йог1а а елла лаьттачу кхунна т1екхочу ц1ийнда. Хиллачух кхетта, цо, ша кеч а дой, шен нанна хьалха дуьллу и йоьхь. Иштта цунах а хуьлу текхарг… Эццахь кхетта йоккха стаг шена хиллачух. Шен марнанна цхьана хенахь ша ца деллачу йоьхьна Дала шена бекхам беш буйла а хиъна, кхин кечдан ца оьшу шена и йоьхь, аьлла цо, хуьлучух ца кхеташ, цецдаьлла лаьттачу шен к1анте а, несе. (260 дош). План. 1. Цхьа к1ант кхобуш 1ийна нана. 2. К1антана зуда ялор. 3.Несан амал. 4. К1ентан нана цомгуш хуьлу. 5.Марненан дехар. 6.Несан жоп. 7.Бекхам. Сочинени «Сан нана».
План 1. Дийца шен ненан лаьцна. 2. Ненан терго, 1уналла, безам. 3. Ненан дог муха ду. 4. Сан нана уггаре дика нана ю.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 193; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.009 с.) |