Заглавная страница Избранные статьи Случайная статья Познавательные статьи Новые добавления Обратная связь FAQ Написать работу КАТЕГОРИИ: ТОП 10 на сайте Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрацииТехника нижней прямой подачи мяча. Франко-прусская война (причины и последствия) Организация работы процедурного кабинета Смысловое и механическое запоминание, их место и роль в усвоении знаний Коммуникативные барьеры и пути их преодоления Обработка изделий медицинского назначения многократного применения Образцы текста публицистического стиля Четыре типа изменения баланса Задачи с ответами для Всероссийской олимпиады по праву
Мы поможем в написании ваших работ! ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?
Влияние общества на человека
Приготовление дезинфицирующих растворов различной концентрации Практические работы по географии для 6 класса Организация работы процедурного кабинета Изменения в неживой природе осенью Уборка процедурного кабинета Сольфеджио. Все правила по сольфеджио Балочные системы. Определение реакций опор и моментов защемления |
Изложени «Олхазарийн баркалла»Поиск на нашем сайте План. 1.Ж1аьлий, Борззий вовшахтасадалар. 2.Кхерабеллачу жийно динарг. 3.К1анта ж1аьлина дина г1о. 4.Къеначу берзан ялар. 5.Ц1ехьа берзар… Изложени «Доттаг1ий.»
Текст. Арахь яьллачу г1овг1анах а, тоьпан татанах а кхераелла, берзан к1езий бена чохь цхьана сонах д1атебба йохкура. Царна топ тоха дегаза хеташ, вехха лаьттира Атби. Уьш кегий йолу дела, царах къахетара цунна. Уьш ца йойуш йита мегар доцийла а хууш, жа юкъа лилхинчу берзалоша каетташ дуьмеш даьхна уьстаг1ий шена гича, к1езашна юккъе топ туьйхира Атбис. Елларг, дийнаниг муьлха ю хьожуш, пхий а йийра. -Вало, Ваха, х1инца ц1а г1ой, колхозан правленехь болчаьрга, вайшиммо берзалой яйаний хаийта, шена луург хьажа вог1ур.Борз ерна уьстаг1 а ма бог1у вайшинна. Пайденна йоцчу яьллехь а, ас барзана т1ера ц1ока схьайоккхур ю, д1аяла, - аьлла, Ваха ц1а хьажийра Атбис. -Ткъа х1окху Барзина х1ун до вайша? – аьлла хаьттира Вахас. Шех къинхетам байта санна, г1ийла б1аьргаш керчадора Барзас. -Барза соьца 1ийра ду, чевнаш д1аерзалц, - элира Атбис. Шен т1оьрмиг а эцна, Ваха ц1ехьа волавелча, ц1ога а лестош, меттахделира Барза. -Барза хьо 1ад1ен деза кхузахь, цкъачунна, хьуо тодаллалц. Со кест-кеста вог1ур ву хьуна кхуза, - аьлла, Атбица сецира иза. Ваха ц1а вахара. Гуьйре шелъелча, жа колхозан ферме ц1а далийра Атбис. Борз ерна колхозо уьстаг1 а, ц1окарчех пачхьалкхо ахча а делира Атбина. Барза а, чевнаш д1айирзина, тоделира.
План. 1.Берзан к1езий дайар. 2.Ваха Атбис ц1а хьажор. 3.К1ант ж1аьлега г1ийла хьажар. 4.Барзин тодалар. Сочинени «Сан нана».
План 1. Дийца шен ненан лаьцна. 2. Ненан терго, 1уналла, безам. 3. Ненан дог муха ду. 4. Сан нана уггаре дика нана ю. Изложени «Куй билла вахар.»
Текст. Хьерана герга кхаьчча, тапъаьлла тийна а, вуно инзаре а дара. Хьер х1оьттиа лаьтташ хилар дагахь а дацара цунна, куй билла ван, чуьра ара ша волуш. Кунтина моьттура хьер хьийзаш ю, цигахь ахьар дан баьхкина зударий, кхин наххий хир бу. Х1инца хьер х1оьттина лаьтташ карийча, тешнабехк хилла, чуваха ца ваьхьаш лаьттара иза. Куй д1а а ца буьллуш, ша юхавахча Джабраила а, бераша а хьийзориг хилар дагахь доллура цунна. «Кунта кхкравелла», «Кунта стешнп ву» бохийла а ца лаьара. Ладег1а мел вели а инзаре хеташ, кхерам совбуьйлуш, мохехь г1а санна, эгавора иза. Куй ша лаьттачу охьа а биллина, д1аваха йиш яцара. Йиллинчу мете ца биллича, схьабан ваханчунна карор бацара. Иштта иза лаьтташ, хьера чуьра араделира т1ехь к1айн бедар йолу цхьа адам. Иза шайт1а я алмаз ду моьттуш, кхеравеллачу Кунтин, дуьне 1адо санна, мохь белира. Дукха ч1ог1а кхераваларна, дог а г1елделла, вожжа минот ца елира иза. Кхеравелла воьхна, ша лаьттачохь мийраш тоьхна, шозза-кхузза кхосса а вела, д1аиккхира Кунта. Юьрта чувирзинчул т1аьхьа, юхахьаьжначу Кунтина к1айн г1аларт гуш дацара. Кхеравелла бос баьхьна, чохь мел берш цец а бохуш, «г1ар-г1арт» аьлла не1 а тухуш, чутилира Кунта. Цуьнан байначу басна а, иза са а кхачаделла вехьаш хиларна а, дика ч1ог1а кхеравеллийла хиира чохь болчарна.
План. 1.Хьерана герга кхачар. 2.Ойланаш еш лаьтта к1ант. 3.К1айн бедар йолу адам. 4.Кхеравелла д1аиккхира Кунта. 5.Чохь болчарна хиира, Кунта кхеравеллий. Изложени «Хазахетар» Текст. Ч1ег1ардигаш схьа а даьхкина, уьш шайн баннаш-х1усамашкахь д1атарделла хан яра иза. Сулимина ч1ог1а дукхадеза и олхазар. Цо церан тидам а, терго а йора. Цхьана 1уьйранна раг1у к1елхьарчу бенара ч1ег1ардиг ч1ог1а шега хьоьжуш санна хийтира Сулимина. Цуьнга хьоьжуш а лаьттина, ишколе д1авахара иза. Амма ишколехь ч1ег1ардигна сагатдеш, цхьа дагахьбаллам хилла хан яьккхира цо. Урокаш чекх ма-евллинехь, хье ца луш ц1а а веана, бене хьалахьаьжира иза. Ч1ег1ардиг тохара х1ара ишколе воьдуш ма-хиллара 1аш дара. Хьежар хьалхалерачул а г1ийла хийтира кхунна. Кхин д1а ойла ца еш, лами а беана, сихха хьала а ваьлла, бен чу куьг кховдийра Сулимас. Ч1ег1ардиг метах ца хьовш, жимма хебира. Меллаша иза бен чуьра схьаэцначул т1аьхьа, Сулима доллучух кхийтира: ч1ег1ардиган когах хьирчина, уьш меттахбаха йиш йоцуш, чилланан теш хиллера. Сулимас охьа а воьссина, ч1ег1ардиг лар а деш, ларамза тоьхначу «барголах» иза парг1атдоккхуш, кераюккъехь когаш т1е охьа а диллина, вукху куьйгаца дайн метах хьадира: «Д1аг1о хьайна, парг1ат ду хьо», - олуш. Ч1ег1ардиг, ца тешаш санна, кераюккъехь тийна, меттах ца хьовш а 1ийна, ц1еххьана «ч1ир-ч1ир» аьлла хьалаиккхина, ламин цхьана т1ег1ан т1е охьахиира. Цул т1аьхьа т1ома делира иза, хаддаза «ч1ир-ч1ир» деш. Сулимина т1ехула ши-кхо го а баьккхина, х1аваэхь къайладелира. Цу г1уллакхан хазахетаро дог дузийна вехха лийлира Сулим. План. 1. Ч1ег1ардигаш схьадаьхкина. 2.Сулимина хеттарг. 3. Сулимас сагатдо. 4.Х1ун хиллера ч1ег1ардигана? 5.Сулимас х1ун дира?
Изложени «Куралла» Текст. Даа х1ума доцуш кхозлаг1чу дийне даьлла хилла цхьогал. Т1ех мацдаларна леста а лесташ, хьуьнхула х1ара лелаш, цхьана хийисте кхаьчна. Хи мелча мукъана а мацалла цхьажимма юхайоьрзур яцара-те бохург дагадеана цунна. Циггахь бацалахь 1уьллуш йоьхь карийна цхьогална. Гиначух цецдаьлла, хазахетар т1ехдаьлла, кхиссалуш, гонаха ида даьлла иза. Т1аьххьара даг чу куралла иккхина, сонта къамел хазо долийна цо. «Эс, иштта хуьлу йоьхь? Йоьхь хиллехьара, кху сенчу бай т1ехь 1уьллуш а хир дацара хьо», - бохуш, когаца хьалхахьа д1а а кхуьйсуш, бацалахь керчо доьлла иза. Оццу хенахь х1аваэра чухахкаеллачу суьйлийн къийго леккха х1аваэ хьаладаьккхина йоьхь. Доьхна, 1адийна дисира цхьогал. Ша лелийначу кураллина дохкодаьлла, дилхина цхьогал. Хих цхьа-ши къурд а бина, хьуьн чу дахана иза. Жимма лелча, ча а, борз а карийна кхунна шийлачу 1индаг1ехь делкъе еш доллуш. Доьлхуш, хьастаделла т1едахана цхьогал. «Хьо стена доьлху, цхьогал?» - хаьттина чано. - Йоьхь дара сан, шу санна болу доттаг1ий карийча бен дуур мА дац ас аьлла, ч1аг1о а йина, сайца лелош. Амма суьйлийн къийго и даьхьна дитина со, - жоп делла цхьогало. «Доттаг1ийн ларам беш хилар дика ду, цхьогал. Х1инца т1ехила, х1ума яа тхоьца. Кхин цхьа доттаг1 а ву вайн ижу яхьаш схьакхача везаш», - хазийна чано. И оллушехь, схьакхаьчна суьйлийн къиг. Доттаг1ашка йистхилале, цхьогале бехк баьккхина суьйлийн къийго: «Хьо рицкъанан пусар дан хууш дац, цхьогал. Х1ара йоьхь ахь, муш санна, д1асакхуьйсуш гича, ийцира ас хьуна хьалхара схьа». Шен х1илла гучудаьллий хиъна, кхин ала дош а ца карийна, юха а дилхина цхьогал. Цо аьлла: «Кхул т1аьхьа рицкъанан сий-пусар дийр дара аса, х1инца сунагечдахьара аша. Со тешаме доттаг1 хир дара шуна. Даг чу куралла иккхинера суна. Х1инца хии суна, куралла х1ун ю…» «Дика ду, цхьогал, оха хьуна гечдо, - аьлла чано. –Бакъду, аьшпаш биттаррий, ямартлой ца еза тхуна. И тайпа х1уманаш дита дезар ду хьан тахана дуьйна». И дерриге а кхочушдан дош дела цхьогало. План. 1. Мацделла цхьогал. 2.Кураллин т1аьхье. 3. Хьуьнхара хьеший. 4.Цхьогал дохкодалар. 5.Чано аьлларг.
|
||
|
Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 423; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы! infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.006 с.) |