Талламан диктант «Акха стоьмаш.» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «Акха стоьмаш.»

Грамматически т1едиллар.

1.Сказуемеш билгалбаха.

 

Талламан диктант «Акха стоьмаш.»

 

Текст.

 

Хьал долуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнхахь д1ахедаш бац акха стоьмаш: элхьамчаш, 1ежаш, кхораш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш... 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар а чам толо церан.

Хала ду адамна и ерриге а хазнаш схьагулъян. Схьахетарехь, иза дика а ду. Х1унда аьлча, олхазаршна а, акхарошна а ма оьшу царах цхьадолу дакъа 1аьнан а, б1аьстенан а муьрехь, шайн кхача бина, пайдаэца.

Къаьсттина хьийкъина хуьлу муьргаш. Х1инца яа ч1ог1а пайдехьа ю уьш, цундела хьуьнан олхазарш го церан дитташ т1ехь. Февраль баттахь а, б1аьстенан юьххьехь а дарбане бецаш а, орамаш а карор ду хьуьнхьахь, лаха а хууш лехча, царна юкъахь: ч1имаш, боьш, муьжг, иштта кхийолу ораматаш а.

Х1ор синтаран, диттан, бецан хелиган шатайпа дахар ду, дика ойла йича, вайн дахаран г1аролехь лаьтташ. Уьш ца хилча вайн дахар деса хир дара. Исбаьхьа, дарбане, комаьрша бу вайн Даймохк. И беза а, лара а, ларбан а вайн декхар ду! (135 дош)

I. Сапарбиева («СтелаӀад», №2,2003 ш.)

Дешнаш довзийтар: хьармак - шиповник, муьрг - калина красная, муьжг - гусиная лапка, спорыш (юушйолударбанебуц), ч1им (ч1имаш) – г1ад даа мега буц, купырь лесной, боь (боьш) — акхасаьрамсекх (горный чеснок).

Грамматически т1едиллар.

1) Фонетически кьастаде «шелонаш» [ши-элуонаш] - 7 элп, 9 аз, мукьанаш: иэ (дифтонг), уо (дифтонг), а. Мукъазнаш: ш, л, н, ш.

2) 2-чу предложенера цхьанатайпанара меженаш карае, бух сиз хьакха.

 

Талламан диктант «Б1аьвнийн махкахь.»

 

Текст.

 

 Бохь бохийна, цхьа г1ийла лаьтта Хаза-Кхаьллахь (Ч1аьнтахь) Жог1утан ворх1 к1ентан б1ов. Хетало, шен когашкахь 1уьллучу т1улге цо сатуьйсуш санна.

 «Хьол жима хилла и йо1, цо и т1улг б1ов юттуш бохкучу вежаршний, дений т1ебохьуш», - дуьйцура Ч1аьнтарчу Батин Асхьаба.

 «Жима хилла…» Тасало со т1улгах. Т1улг метах а ца хьов…

 «Х1етахь адамашкахь ницкъ алсам хилла, - велавелира Асхьаб, со к1елхьарайоккхуш санна. Жимма соцунг1а а хуьлий, дийца волало иза: - Жог1утан ворх1 к1ант, цхьа йо1 хилла. Жог1ута, шен к1ентий ондабевлча, цаьрца цхьаьна йоьттина и б1ов. Ворх1 вешин йишас, ша то а бина, кеч а бина и т1улг, т1ехь цхьацца забарш, шекар кагдечу морзахан сурт а дуьллуш. Б1ов юттучу вежаршний, дений т1е х1оттийна шури т1ехь динчу хударан текх дохьуш беана цо и.

 Т1аккха цара цу т1улгаца ерзийна, бохуш, дуьйцу и б1ов. Иштта шех лаьцна дийца йиш йолуш ю вайн х1ора б1ов а, х1ора лаьтта т1улг а. Вайн декхар ду церан дола дар, царах лаьцна дерг лардар». (150 дош).

 

 

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 325; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.156 (0.007 с.)