Талламан диктант «Зеламха ц1а вар.» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «Зеламха ц1а вар.»

Грамматически т1едиллар.

1.Причастешна буха тулг1енан сиз хьакха.

2.Т1аьххьара предложении синтаксически къастае.

 

 

Талламан диктант «Зеламха ц1а вар.»

 

 

Текст

 Зеламха, шен вешица цхьаьна, сарахь бен ц1а ца кхечира. Хьовзош серах бина х1оз лохачу утарми т1ера хьала а баьккхина, д1адиллира Зеламхас шен ден кет1ара з1ар. Кел чоьхьа ваьллачу цунна, даима ша 1ийначохь, раг1у хьалха 1аш шен деда Б1ахо ца гира. Цу балхо вохийна Зеламха жимма сецира. Тишалла раз а яьлла лаьттачу лохачу учи хьалха боллура цхьа боккха кхор. Замано ца кхоийнера иза а. Дика дагадог1ура Зеламхина, жима волуш ша цу т1ера мерза кхораш диъна. Х1инца къанбелла и кхор, цхьаьнга арз деш айина деха куьйгаш санна, шен дерзина, 1аьржа генаш а айдина лаьттара. Учи хьалхашхула тесначу т1ерг1а т1ехь юрг1анаш а, къорза истанг а кхозура. Зеламхина цу сохьта бевзира и Бицин г1ирс.

 Х1инцца кхузахь бен ца хаийтира Зеламхига цуьнан деда Б1ахо кхалхаран г1уллакх. (124 дош.)

 

Грамматически т1едиллар.

1.Хьалхарчу пхеа предложенерчу хандешнашна буха ши сиз, причастешна буха тулг1енан сиз хьакха.

2.Ялхалг1а предложении синтаксически къастае.

 

 

Талламан диктант «Пхьармат.»

 

 

Текст

 Гуттар хьалха заманахь дехаш хилла наьрташ. Ц1е ца хилла церан. Царна юкъахь хилла Пхьармат ц1е йолуш цхьа наьрт. Наьрташна диканиг муха дийр дара техьа, ц1е муха яхьар яра техьа бохуш, г1айг1ане хилла иза. Амма ц1е оьг1азечу, къизачу делан Селин долахь хилла.

 Цкъа цхьана дийнахь воьду Пхьармат, шен говра а хуий, Селин ц1е ян. Наьртийн нана Села-Сата хилла Селин езарг.

Цуьнан г1оьнца Пхьармата лачкъайо Селин кхерчара ц1е. И хааделлачу Селас Пхьарматана т1аьхьа саьрмик хоьцу. 1аьржа буьйса х1оттайо Селас, Пхьармат некъах тилорхьама, амма цунах г1уллакх ца хуьлу.

Пхьармата ц1е д1акхачайо наьрташка. Амма Пхьарматна та1зар до Селас, цо иза аьчкан з1енашца Башломан коьрта буьххье д1авоьхку. Цунна гонах схьагулйо Селас ерриг шело. И ларван гонах саьрмик бижабо, цуьнан до1ахах з1ок етта. И дан олу олхазар дохуьйту. Иштта балехь ву Пхьармат.

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 96; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.009 с.)