Талламан диктант «мичхьара болало Даймохк. » 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «мичхьара болало Даймохк. »

Грамматически т1едиллар.

1.Т1аьххьарчу предложенерачу цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха.

2.Суьйре, оьг1азе боху дешнаш фонетически тала (элпаш, аьзнаш къастаде).

Талламан диктант «Мичхьара болало Даймохк.»

 

 

Текст.

 Зударий кех бовллалц кет1ахь сецна, т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига керта. Т1ера хьахарш охьа а эгна, юккъера з1араш гуча а дийлина, т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а г1ийла хьоьжура цуьнга. Цуьнан хьажар бешахула кхерстира, юкъ-юкъа г1аддийн аг1онашца наггахь марг1алш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза дагарш диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, якъаелла адамийн чархаш санна.

 Кхузахь баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржама т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена. Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког, аьллера дуьххьарлера ши дош – нана, дада. Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан Даймохк. (82 дош.)

 

Грамматически т1едиллар.

1.Ц1ердешнашна буха сиз хьакха.

2.Караде царех цхьаллин терахьехь, ц1ерниг дожарехь чаккхенгахь шалха мукъаза элп нислуш дерг.

Талламан диктант «Телеграф.»

 

 

Текст.

 Нохчийн меттан урокехь дара бераш. Т1еххьа хиъна 1ачу Зулайга ц1ахь бан белла болх хаьттира хьехархочо. Йо1а кечам бина ца хиллера, мегаш жоп ца делира. «Охьахаа», - аьлла, журнала т1е цхьаъ-м д1аяздира хьехархочо. Зулайн синтем байнера, шена х1ун диллина ца хууш. Хьалхарчу стоьла уллохь вара «хаамхо» аьлла ц1е яхна Межиев. Меллаша цуьнга кхайкхира йо1: « 1ели, 1ели!». Важа кхийтира. Ша волчохь айавелла, журнала т1е хьаьжира. Т1аккха, куьг хьала а дахийтина, кхо п1елг гайтира цо. Цушиммо лелориг хьехархочун тидамза дисна ца хиллера.

 - Хьажахьа, х1окху классехь-м телеграф а хилла, - элира цо, вела а велла. – Ма сиха д1акхечи Зулайга хаам!

 1елина эхь хийтира. Цул т1аьхьа кхин болх ца бира «телеграфо». (95 дош.)

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 128; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.005 с.)