Талламан диктант «ненан самукъа. » 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Талламан диктант «ненан самукъа. »

Талламан диктант «Пхьагал.»

 

 

Текст.

 Дитташ т1ера г1аш охьаэгнера. Тайп-тайпанчу басаршца кечдина санна, хаза дара дитташна к1еллахь 1охку г1аш. Хьуьнан стоьмаш а хиллера. Оцу хазачу дийнахь сой, хьуьнан хехо волу Илессий хьуьнахула вог1уш вара. Жимма д1анехьо тхойша ваьлча, цхьана кулла юккъра схьаиккхира сира пхьагал, басехьа едда д1аяхара. Цуьнан чук1ело к1айелла йог1ура. «Иза 1аьнна кечам беш туьлуш ю,» - бохура Илеса. Пхьагал рег1а буьххьехь йолчу коканан коьллаш юккъе д1алечкъира.

 

Грамматически т1едиллар.

1.Шала мцкъаза элпаш билгалдаха.

 

Талламан диктант «Ненан самукъа.»

 

 

Текст.

 Оцу хазчу дийнахь Са1идан бешахь олхазарийн эшаршца цхьаьна декара берийн самукъане аьзнаш. Шуьйра д1аса гаьннаш а даржийна, ц1ечу зазаца кхелина лаьттачу боккхачу 1ожа к1ел сийначу бай т1е хиьна 1ара Курсам. Зезаган курс ловзош яра цуьнан карара жима йо1. Дуткъа декачу озаца эшарш а лоькхуш, зезагаш лехьош лелара Нуржан. Цаьрга хьоьжучу Курсаман юьхь йоьлура.

 

Грамматически т1едиллар.

1.Т1аьххьарчу предложенина бе синтаксически къастам.

 

 

Талламан диктант «1аьржа 1уьйре.»

 

 

Текст.

 Чекхдолуш лаьттара 1944-чу шеран февралан ткъе шолг1а де. Суьйре герга кхочуш, уггар хьалха уг1а дуьйладелира ж1аьлеш. Бежанаш 1оьхура, говраш терсара. Цхьа а хан йоцуш екара котамаш. Адамаш цецдевллера оцу балхах.

 Шолг1ачу дийнахь сатасале, тхан нана бежанашка хьажа хьалаг1аьттинчу хенахь, ц1еххьана ж1аьла лета доладелира. Дукха хан ялале уьйт1ахь топ елира. Карахь герзаш долуш, чуиккхира ши салти. Цара топ тоьхна хиллера ж1аьлина.

 - Себрех даха кечло, бераш самадаха, - элира салташа, оьг1азе т1е а чехаш.

 Бежнийн 1ехарш, зударийн а, берийн делхарш, юьртарчу нахана цкъа а гина йоцчу машенийн г1овг1а – дерриг а цхьанаийнера.

 (90 дош.)

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 64; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.217.21 (0.007 с.)