Сочинени «Оьздачара иштта г1уллакх до». 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Сочинени «Оьздачара иштта г1уллакх до».

Изложени. «Школехь».

Текст.

 Дика са а даь1ана, суьйранна школе вахара иза.

 …Хожа шен накъостана юххе парти т1е охьахиъна воллушехь, гаргол бийкира. Парта гота а, лоха а яра. Амма, иза г1ехьа яра дийнахь кху школехь доьшуш долчу берашна. Церан хеннахь дешнехьара со а хир вара дешна ваьлла. И эрна ойланаш а хедош, хьехархо чувеара.

 «Математика – сема тидам лоьхуш 1илма ду», - аьлла, д1айолийра цо шен урок.

 «Х1инца б1аьсте ю. Кестта дешаран шо чекхдер ду. Т1аккха цхьа шо бен ца дуьсу институте кхача», - ойланаш йора Хожас.

 -Стенан ойланаш йо ахь? – хаьттира Хожега, накъостех цхьамма.

 -Математикан…

 Хожа велакъежира, амма шена дицделларг юха дагалаца г1ертара. Иза дага дан гена дацара.

 Математикан ши урок чекх а яьлла, ша д1авоьдуш хьехархочо элира:

 -Хожа Ахьмадов, нагахь санна ахь иштта дешахь, экзаменехь хьо тоьларг хилар шека яц.

 Накъостийн яххьаш Хожийна т1ейирзира.

 -Къахьоьгур ду вай, - элира Хожас.

Хьехархо д1аваха, дешархойн 1одика а йина. Цул т1аьхьа шина сохьтехь физикан урок яра.

 Чолхе машинаш а, ракеташ а, атоман ницкъаш а бийцар вайн толуш долчу дахарх ийна бен хила тарлуш цахиларх кхеташ ладоьг1ура дешархоша шайн хьехархочуьнга. Царах х1ораммо а кураллица ойла йора оццул даккхий, сийлаххьий г1уллакхаш кхочушдеш долчу советан халкъах шаьш хиларна.

 Сакъералуш а, к1аддалар дицделла а бара дешархой. Горгали бекна, дешаран де чекхдели.

 Накъостий новкъахь шайн-шайн урамашкахьа д1а-схьа боьрзуш, Хожин 1одика а еш, д1акъестара.

 -К1ант, хьо ц1а кхечи? – нана дуьхьал елира.

 Хожас ойланаш йора охьавижча. Кхехкий, ц1ийлой, дахчалой, ц1анлой схьакъаьста болат тайп-тайпанчу нехех. Сийлахь, турпал белхаш беш, 1амош, шайна 1еминарг накъосташна хьоьхуш бахчалуш бу къона белхалой.

 Х1инцца бен цаваьлла со цу сийлахьчу бригадехь болх баран новкъа. Хийла г1уллакхаш ду хьалхахьа! Къонахийн болар х1инцца дуьххьарлера г1улч йоккхуш ду.

План.

1.Хьехархо чувале.

2.Шолг1ачу урокехь.

3.Дешаре болу боккха безам.

4.Наб кхетале Хожас йина ойла.

План

1.Мичхьа велахь а оьзда хила веза.

2.Оьздангах1ун ю хаар.

3.Г1уллакхан мало ца яр.

4.Оьздачара иштта г1уллакх до.

 

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2024-07-06; просмотров: 78; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 216.73.216.198 (0.008 с.)